кӏант, кхузахь – кӏант а, йоӏ а. Ӏела а, Ахьмад а – ший а дика хилла Айзина. Амма даим дӏа цуьнан даг чохь лаьттинарг ӏела ву. Айзин дуьххьарлера безам. Масех шо хьалха дӏабаьлла иза, деган кӏоргехь сийсаш цхьа гӏийла суй буьтуш. Хӏокху къизачу кхолламо къинхетамза бийна. Айзин бӏаьргех комаьрша дуьра хиш хьаьлхира.
– Ахь жоп хӏунда ца ло, Айза?
Айза хецайелла йилхира. Цуьнан дог хьаъалц вист ца хуьлуш, дикка ӏийра Ахьмад.
– Алахьа, Айза, хьайна хетарг…
– Берриг а бехк сан бу… Хьоьга йеана. Даго хьоьхура суна, ӏела дийна ву, велла вац бохуш… Массара дог диллича а, ас дог ца дуьллура цунах. Маре гӏур йу бохург цкъа а дага а ца догӏура. Вала гергаваханчу къеначу дена луург а дина, байлахь висинчу, верас воцуш висинчу кӏентан ойла а йина, йеара хьоьга. Хьайн дикалла, ахь дола а дира тхойшиннан. Иза тхойшинна дицделла йа дицлур ду, моьтту хьуна? Амма хӏетахь мацалла дала диси делара тхойша…
– Уьш дӏадевлла, Айза. Ас кхочушдинарг бусалбанан декхар ду. Хӏинца вай дохкодийларх а, делхарх а, нисдала хӏумма а дац. Бехкениг а ца лоьхур вай. Лелларг Делан кхел йу. Ӏелин дагахь хӏун ду-те?
Айза, букъ нисбеш хьала а таьӏна, Ахьмаде хьаьжира.
– Суна муха хаьа цуьнан дагахь дерг? Цуьнга и хоьттуш со лелар йоцийла, ца хаьа хьуна?
– Гӏаддайна хоьттура ас-м.
Цхьа хан йелира, и шиъ дист ца хуьлуш.
– Ахьмад, хилларш а, лелларш а хьуна дика хаьа. Ӏелин кӏант ӏусман а, хьан Дауд а, Седа а ас бина йиша-вежарий бу. Шуьшиннах цхьанна хилла лазам оцу кхааннан дегнех чекхбер бу. Со-м хьехор а йацара вай. Цхьанна-шинна хиъна хӏума, кхечу-кхечуьнга дуьйцуш, дуьне ма-дду кхарста долу. Тӏедетташ, дестош. Шуьшиъ наха лоруш, хьекъале, оьзда, цӏена бусалба ши къонах ву. Нах йукъа а ца бохуш, хаза ший а цхьаьний охьа а хаий, хӏара гӏуллакх машаре дерзо бусалба динехь а, нохчийн гӏиллакхехь а цхьа некъ лахийша…
Ахьмад йуха а, голаш тӏе йуьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.
Ши-кхо де хьалха ӏусманца дехха къамел хиллачул тӏаьхьа, шайн шина доьзална йуккъе хӏоьттинчу хьолан кӏорггера ойланаш йан вуьйлира ӏела. Ӏусмана, цхьана маьӏӏера дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре йахар муха нисделира. Хӏинца Айзехь а, Ахьмадехь а болу бала а,