уьйтӏахь цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цӏа чу велира Ахьмад. Вовшашкара хьал-де а хаьттина, йуьртара керла хабарш дийцина ваьлча, ша деана гӏуллакх дийца вуьйлира Ахьмад. Цо а, хьалха ӏусмана дийцинарг а цхьаъ дара.
– Иштта, Делан кхел лелла, цхьаьна рицкъанаш нисделла тхойшиннан, – дерзийра Ахьмада шен къамел. – Хьайна лаахь, нохчийн ӏадатехь соьца мостагӏалла лело некъ а бу хьуна, ткъа вайшинна лаахь, бусалба динехь хӏара гӏуллакх машаре дерзо некъ а бу. Дела сан дог гуш а, сан дагахь дерг хууш а ву, ӏела, хилларг а, лелларг а Айзин а, сан а бехкенна дац, лелларг Делан кхел йу. Цӏенчу даггара и Айза хьан хӏусаме йухайоьрзийла лаьа суна. Хӏара гӏуллакх хьан кхеле дуьллу ас.
Ахьмадана жоп ца луш, ӏусман чукхайкхира ӏелас.
– Хьада, чехкка гӏой, Панта-Хьаьжа, Лорса, Доша, Солтха схьавалавел.
Цхьа сахьт далале уьш схьабаьхкира.
– Хӏокху Ахьмаданий, суний йукъа хӏоьттина хьал, ас ца дийцича а, шуна а, йуьртана а хууш ду. Доцца аьлча, сан доьзало а, йерриг йуьрто а со дийна хиларх догдиллинчул тӏаьхьа ткъа шо даьлча, и сан хилла хӏусамнана Айза хӏокху Ахьмаде маре йахана, ткъа хӏокху Ахьмада, шега йеача, иза йигна. Бусалба динехь цхьа хьаьрк а гал хӏума доцуш, Делан лаамца хилла кхоллам бу иза. Соьгахь бархӏ шарахь ӏийна Айза, ткъа хӏокху Ахьмадан хӏусамнана хилла иза йехаш йолу берхӏитта шо ду. Суна вина цхьа кӏант ву Айзин, ткъа хӏокху Ахьмадана дина кӏант а, йоӏ а ду. Оцу берхӏитта шарахь, шен кӏентан санна, сан кӏентан дола дина хӏокху Ахьмада. Сан кӏант а, Ахьмадан кӏант а, йоӏ а цхьана ненан кийрара схьабевлла йиша-вежарий бу. Сой, Ахьмаддий, Айзий къанделла, мел даьхча а, хӏокху дуьненахь дукха дехар дац. Амма тхан бераш а, церан тӏаьхьенаш а йаха йеза. Вовшашца мостагӏалла-м хьовха, хьагӏ-гамонаш лело хан а ца йисина сан а, Ахьмадан а, йа уьш лело бахьанаш а дац, нагахь санна тхойша цӏена бусалба а, къонах а велахь. Далла а, суна а бен ца хууш, кхин цхьа хӏума а лелла хӏокху гӏуллакхна йукъадогӏуш. Сибрех ваханчул тӏаьхьа пхийтта шо даьлча, со дийна цӏавоьрзург хиларх дог а диллина, сайца цигахь нисвеллачу цхьана воккхачу ӏеламстагах-узбеках дага а ваьлла, и узбек а, кхин цхьа гӏезало а – и ши бусалба стаг