чуйаийта, – царна тӏе пӏелг хьажийра эпсаро. – Церан таьлсаш талла дика. Дегӏах а хьажа.
Нохчо-эпсар а, пиркечик а, туьканан коре а вахана, къамеле велира.
– Хӏан-хӏане, бабанаш! Цхьацца йогӏуш, схьа тӏе дуьйлал, – мохь туьйхира вахмистро. – Къенаниг, ахь собарде. Хӏун йу шун таьлсаш чохь? Бомбанаш-м ца йеана аш шайн разбойникашна?
Вахмистр таьлсаш кего вуьйлира.
– Йохьург а йелара цхьа чомехь хӏума. Суна а кхочур йара жима-тӏама. Хӏора дийнахь массара а йохьург йакъайелла сискал, кӏон хохаш, муьста нехча. Дакъийна жижигаш, дуьмеш хӏунда ца дохьу? Хӏинца дегӏах хьовсийтал. Куьйгаш хьаладахийта.
Къоначу зудчун дегӏах куьйгаш хьекха вуьйлира вахмистр, томкано мажйина, говрачарех тера шуьйра, йаккхий цергаш а къажийна. Куьйгаш некха тӏе хьалагӏоьртича, зудчо, разйаьлла, чӏогӏа тата доккхуш, вахмистран бетах тӏара туьйхира.
– Хьакха!
Вахмистр, вахьийча санна, зудчунна тӏе а къаьрзина, вогӏавелира. Тӏаккха, цӏеххьана саметта а веана, ши буй айъина, зудчунна тӏекхоссавелира. Амма иза сацийра, настарх хьаьрчина, варех цергаш йоьхкинчу кӏанта а, гӏопан кевнехь гучуваьллачу йесаула а.
– Хьожа йогӏу зуд! – мохь хьаькхира вахмистра. – Дӏайовла кхузара, варраш! Бӏаьрга гур бац шуна шайн разбойникаш! Ас набахтехь бахкор бу уьш!
Ткъа йесаул, гӏадвахана, воьлура.
– Бӏаьрг ма хила цунна, ма таза а туьйхира цо хьуна, Афонич! Эхӏ, ма воккха ӏовдал а ву! Ва-хьа-хьа! Бода бу хьо, Афонич, хьо ма-барра. Иштта шога хуьлу ткъа мадамашца? Чано санна, куьйгаш хьоькхуш. Кӏеда-мерза дешнаш олуш, ховха куьг хьоькхуш, эсала хьаста ма йеза.
– Дӏадовла кхузара, йешапаш!
– Ларлуш хила, Афонич. Церан цхьана башибузуко чоко хоьцур йу хьан, – дӏахьажавеллачу йесаулана гира йуьстах хӏоьттина лаьтта некъахо. Иза кхузарчу нохчех воцийла хиъна, забарш йитира цо. – Бахархошца гӏиллакхе хила веза, господин вахмистр. Тахана тутмакхашна тӏебуьту де дац. Кхача схьаоьцур бу шуьгара, амма тутмакхаш гойтур бац.
Эпсаро дуьйцучух ца кхеташ, бӏаьргаш бетташ ӏийна зударий, вахмистр шайна йаппарш а йеш дӏавахча, пиркечикна тӏебирзира:
– Тхан ахча?
– Тхо ӏехийна ахь?
– Охьадилла тхан ахча!
– Кхин хьайгахь ницкъ боцуш лелара