Иштта, ахь санна, дийцира тхуна тхан йуьртарчу ӏелас а, Овхьада а. Нагахь санна цаьршиммо дуьйцучух селхханалц сан шеко хиллехь, иза хаза кхоччуш дӏайаьлла. Баркалла шуна. Аш ӏожаллех со кӏелхьарваккхарна ца олу ас и баркалла, ткъа шаьш суна довзийтарна, аш соьца лелийнчу гӏиллакхна, шун оьздангаллина, аш сан даг тӏера шеко, мекха дӏайоккхуш, сан дог цӏандарна. Суна дика хета селхана сайна йеттар. И де ца хиллехь, сан аьтто хир бацара шу довза…
Бераллехь дуьйна цкъа а бӏаьргех хи ца даьллачу Янаркъин ши бӏаьрг тӏунбелира, балдаш дегийра. Шен осалвалар царах къайладаккха, гӏайби тӏе дӏа а тевжина, йуьхь пенехьа йерзийра цо.
Хьамзата хиттира цуьнга мила ву а, мичара ву а. Янаркъас дийцира ша Нохчмахкарчу Гати-Юьртара хилар а, ша базара варан бахьана а.
– Доьзал буй хьан?
– Йоккха стаг йу. Доьзалхо а вац тхойшиннан. Ваша а, шича а вац.
Хьамзата ойла йира.
– Хӏара сан хьеший оьрсий ӏаламат дика адамаш ду. Делахь а, хьо кхузахь витар гӏиллакхе ца хета суна. Тӏе, хӏорш гаттехь, хала бохку. Говрийн гӏудалкх а лаьцна, со волчу хьо дӏавуьгур ву ас. Тӏаккха гӏала веана шун агӏорхьара стаг лехна, хьо кхузахь ву, хьуна са ма гатде аьлла, хабар а тухур ду. Хьо гӏатталучу хьоле ваьлча, хьан цӏа дӏа а вуьгур ву.
Янаркъас, паргӏатваьлла, доккха садаьккхира.