Тхуна тӏехь урхалла латтораш, цхьана а
тайпана халкъаца йукъара хӏума а доцуш,
халкъан кхолламца а, цуьнан ӏер-дахар ат-
тачу даккхарца а, амалш кӏадйарца а бала
боцу эскарера дӏакхийсина даххаш, тӏеман
чиновникаш бу.
Т. Эльдарханов
Овхьад цӏа вирзина шолгӏа шо дара.
Зеламхас кӏелхьарваьккхина Соип лаьмнашкахь цхьана йукъарлашкарчу жимачу кӏотарахь дӏатарвеллера. Хӏеттахь Деши а цига дӏайахара. Цхьа шо далале Соипана зуда а йалийра цигахь. Цуьнан там-мах а, гучуйаккхар а дӏа а листира Овхьада.
Ровзана а, несо а мосазза а зуда йалор хьахийра Овхьаде. Амма иза реза ца хуьлура. Хӏусамнана-м йезара цунна. Иза жима ма вац. Шовзткъе итт шаре ваьлла. Даим а несана несалла лелийна а вер вац. Ткъа хӏокху чолхечу заманахь, зуда а йалийна, доьзал боло а ца лаьара. Хӏинца цо схьалаьцна некъ а, иза Сибрех вига там болуш, кхераме бара.
Ша цӏа веанчул тӏаьхьа йаьллачу йоццачу хенахь Нохчийчуьра чолхе хьал довза кхиънера Овхьад. Оцу тӏехь хьалхара гӏулч йаьккхира цо нохчийн кӏеззигчу интеллигенцин демократин ойла йолчу векалшца – Шериповгӏеран, Мутушовгӏеран, Эльдархановгӏеран, Саракаевгӏеран доьзалшца а, гӏараваьллачу ӏеламчица Соип-Моллица а доттагӏалла тасарца а, Соьлжа-Гӏаларчу РСДРП тобан куьйгалхой бовзарца а.
Нохчийчоьнан социально-экономически а, политически а хьелаш довза дукха корта ахка а ца безара, уьш, керайуккъехь санна, гуш дара. Къеллица а, цамгаршца а, баларшца а хӏокху Теркан областехь хьовха, йерриг Россехь а хьалхарчу меттигехь дара нохчийн халкъ. Цунна тӏаьххье оцу гайтамашца шолгӏа меттиг дӏалоцура кхузарчу оьрсийн белхалоша а, муьжгаша а. Ткъа йукъарчу хьесапашца лерича, гӏалагӏазкхий йаккхий таронаш йолуш бара.
Кхузахь оьрсийн къомах бахархойн йолу политически бакъонаш а йацара нохчийн. Гӏалагӏазкхичо нохчо вийча, бехкениг жоьпе ца озавора, иза таӏзарза вуьтура. Ткъа нохчочо гӏалагӏазкхи вийча йа цунна къола, талор дича, зуламхо ца карийча, цуьнан лар тӏейаханчу йуьртана луьра таӏзар дора. Доцца аьлча, цаьргара адамийн бакъонаш дӏа а йаьхна, российски законел арахьа латтош бара нохчий. Россехь цхьанххьа а доцу тӏеман-колониальни урхалла дара Нохчийчохь.