Да а ма лаьцна цуьнан, иза дуьнен чу а валале… Цуьнан бӏаьра а хьоьжуш ма даьккхина ас хӏара тӏаьххьара ткъе йалх шо… Хӏинца йесачу хӏусаме йерза йеза-кх со…
– Гергара нах буй кӏентан?
– Гергара нах бу. Амма ден ваша а, шича а, маьхча а вац…
– Хьо мичара йу?
– Гати-Юьртара…
– Хӏун дийр ду ткъа? Дика а, вон а Делера ду-кх. Цунна тӏе болх биллина ӏийр ду-кх вай. Алхьамдулиллахӏ, цо вониг дийр дац…
Зудчунна тӏе ченан кӏур а тухуш, уллохула тӏехъиккхира хьаргӏанан басахь, хье тӏехь деха кӏайн сет а, кӏайн когаш а болуш йоккха говр йоьжна кӏеда гӏудалкх. Денщикана тӏехьа, кӏедачу миндарна тӏехь воттавелла вара гӏеметта хӏоьттина подполковник. Ворта лацаелча санна, йаьӏна кхин дӏаса а ца хьовзош, нийсса хьалха дӏа ши бӏаьрг а боьгӏна, тӏехвелира иза.
Гӏудалкхана тӏаьхьа гӏопан кевнехьа схьахьаьдда вогӏу подпоручик шена улло нисвелча, сацийра некъахочо:
– Бехк ма биллалахь, поручик, мила вара оцу гӏудалкха тӏехь хӏинцца чувахнарг?
Цецваьлла подпоручик къаьрззина некъахочуьнга хьаьжира:
– Иза мила вара бохург хӏун ду? Хьо стигалара воьжна-м вац? Цуьнан оьздалла, округан начальник а ца вевза хьуна?
– Добровольский вара иза?
Подпоручикан цецвалар шекваларе дирзира. Иза лерина хьаьжира некъахочун духаре, йуьхь-сибате а.
– Ткъа хьо мила ву? Хьуна стенна оьшу господин Добровольский? Зеламхин гӏеранах-м вац, хетий, хьо? Хьалхавалал суна. Вай цигахь къастор ду, хьо мила ву а, господин Добровольский мила ву хаа хьо хӏунда гӏерта а.
Нохчо-эпсар шен декхар оццул чӏогӏа кхочушдан гӏертаро самукъадаьккхира некъахочун:
– Даржехь сихха лакхавер ву хьо, подпоручик.
– И хьоьга хоьттуш дац. Со эца гӏерташ, хьестало хир ву хьо. Бакъ дац хьуна моьттург. Хьалхавалал гӏопехьа.
– Дӏавало. Со-м господин Добровольский волчу вогӏуш ву.
Коьртера охьа когашка кхаччалц йуха а некъахочуьнга бӏаьрг туьйхира подпоручика. Хӏинца цунна ца хаьара, оцу стагаца ша къамел муха дан деза. Делахь а цхьаъ хаьара эпсарна: хӏара шен махкахо хьаькамех стаг цахилар а, нагахь иза хьаькамех велахь а, цуьнан а, шен а карахь цхьана а тайпана ницкъ цахилар а.
– Схьагайтал документ! Хӏара дуьне дуьзна бунтовщикаша. Обаргаша, народникаша,