Округехь хӏоьттинчу хьолана Ханжалов бехке вора бахархоша. Пачхьалкхана церан ницкъ боцу текхамаш бойтуш а, и текхамаш бан ницкъ боцурш, жимма а дуьхьало йинарш набахти кхуьйсуш а, Сибрех бохуьйтуш а, бӏарзбина, бахархойн собар кхачийнера Ханжаловс. Овхьада а, цуьнан масех накъосто а вовшахтоьхна, Ханжалов цигара дӏаваккхар доьхуш, областан инарла-губернаторе Колюбакине мосазза а телеграмма йахьийтира бахархоша. Амма уьш жоп доцуш йисира. Тӏаккха Ведана округера кхо эзар стаг Устаргӏардойн-Эвла а гулвина, цига Колюбакин тӏекхайкхира цара. Ша а ца вогӏуш, шен советник Вертепов ваийтира цо цига. Гуламо шайна тӏера векал вина къастийнчу Овхьада, ша инарла-губернаторца бен къамел дийр дац аьлла, дӏахьажийра Вертепов.
Колюбакина ша оцу туземцийн ардангана тӏегӏур вац аьлча, Вертеповс цуьнга аьлларг тӏаьхьа хиира Овхьадана.
– Хьан локхалла, цига гулйелларг туземцийн арданг йацара. Цигахь дӏахӏоьттинарг, лаккхара низам а долуш, герзаца кечвелла кхо эзар бӏаьхо а волуш, тӏеман лагерь йара. Нагахь санна ахь, царна тӏе а вахана, Ханжалов оцу округера дӏа ца ваккхахь, гӏуллакх вайна бохаме доьрзур ду. Тӏехула тӏе, гуламо векал а вина, соьца къамел динарг, вайшинна санна, цӏена оьрсийн мотт а хууш, политика а йевзаш, говза дипломат вара.
Цхьа бутт баьлча, изза кхо эзар стаг йуха а Устаргӏардойн-Эвла гулвелча, цига ван дийзира Колюбакинан. Вертеповс дийцина сурт хӏоьттира цунна хьалха. Баккъалла а тӏеман лагерх тера бара и гулам. Гӏара-гӏовгӏа а йацара. Гуламо къастийнчу Овхьада доцца дийцира Ханжаловс Ведана округехь хӏоттийна хьал, цо лелийна харцонаш а, округера йарташ карзахйовлар цуьнан къизаллин тӏаьхье хилар а. Тӏаьххьара а элира, нагахь санна Ханжалов цигара дӏа ца ваккхахь, гӏуллакх цӏий ӏанорца доьрзур ду аьлла.