– Салтий-м шайн лаамехь а ца баьхкина кхуза, нуьцкъах балийна!
– Хӏетте а безам бац вайн цаьрга!
– И адамаллин цхьа чо шайн дегӏаца боцу, ахчанах бехк боцчу оьрсийн ахархойн цӏий ӏено резахилла нах карийна ламанхошна йукъахь. Нохчашна йукъахь. Ткъа вайн йуьртахь Домбин Мудар а, Дасин Расу а карийна!
– Мудара къаьркъанан кедах шен да а вуьйр ву!
– Дасин Расу а йу-кх изза пис, тӏуьйлиг а!
– Дала дийна цӏа ма верзавойла цига вахнарг!
– Йуьртана а, махкана а эхь ду иза!
Куьг хьала а лаьцна, гӏовгӏанаш совцийра Овхьада:
– Нохчийн къомах лайш, йолахой, чаьлтачаш ца бевллера цкъа а. Амма хӏокху тӏаьххьарчу заманахь гучубуьйлу уьш. Шовзткъа шо хьалха йолах оьрсийн-туркойн а, ши шо хьалха оьрсийн-японийн а тӏаме бахара нохчий. Хӏинца, Россех а бахана, жӏаьлеш санна, помещикийн бахамаш ларбан а бохку. Уьш совцо беза вай. Къомана тӏе эхь доуьйтучул, мацалла вала веза хӏора нохчо! Амма вайн бертаза цига воьдучунна хӏун де вай?
– Хӏокху йуьрта йухабогӏу некъ бехка беза царна!
– Йуьртах баха беза церан доьзалш а!
– Седа дуьхьал гӏойла цига ваха дагадеанарг!
Нах дӏаса а тоьттуш, веана Овхьадана хьалха хӏоьттира дерзинчу дегӏа тӏе дуьйхина морсачу машин эттӏа чоа а, хеча а, когахь йакъайелла неӏармачаш а, коьртахь тиша кхакханан куй а болуш, йуккъерчу дегӏара шовзткъа шо хенара векъана стаг.
– Овхьад, ахь и гӏовгӏанаш совцайахьара, хӏокху нахе цхьа-ши дош эр дара ас, – элира цо.
Оцу тӏелхигашна тӏехула гӏодайукъах дихкинчу кхелинчу доьхкарх кхозучу безчу механ детица кхелинчу шаьлтанан макъарна тӏе цхьа куьг а диллина, важа хаьн тӏе а хӏоттийна, цхьа ког хьалха а тесна, нехан йаххьашна тӏехула шен ира хьажар кхарстийра цо.