25 август. Кахановски уллохь урядникана Бакуленко Даниелана шаьлтанца чов йина нохчочо.
3 сентябрь. Ворданахь Соьлжа-Гӏала воьду Минейкесь Франц а вийна, иза талийна Мескер-Эвла уллохь.
13 октябрь. Шелковскера Кахановске вогӏучу Парфомов Иванера говр а, 100 сом ахча а даьккхина нохчаша. Лар Гуьмсе йахана.