Баккъал а волу ӏеламстаг йа ӏилманча чӏогӏа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, Далла хьалха, адамашна, халкъана хьалха шен декхар, жоьпалла хууш а, бакъдерг олуш а, бакъдерг, бакъо, нийсо ларъеш а хуьлу. Халонаш, эшамаш, мацалла, къелла ловш, оцу шегарчу ӏилманца, хьекъалца халкъана пайда луш, халкъана гӏуллакх деш, собаре, оьзда, къинхетаме, доьналле къонах хуьлу бакъволу ӏеламстаг, ӏилманча. Шен ӏилманах, хьекъалх совдегалла лелош, дуьненан хьолах вохкалуш, паччахьех, ӏедалах, ницкъболчарах кхералуш, бакъонна, бакъдолчунна, нийсонна тӏера йухаволуш, церан харцонаш, йамартлонаш, къизалла, кхидолу зуламаш ӏорадаха ца ваьхьаш, уьш бакъдеш, церан гӏо лоцуш ца хуьлу бакъволу ӏеламстаг йа ӏилманча.
Иштта хила бакъо йац цхьана а стеган. Къаьсттана динадайн, ӏилманчийн, йаздархойн, кхелахойн, адамашна оьзданиг, къинхетамениг, цӏенаниг, хьаналниг, нийсаниг хьехар шайна тӏелаьцначу цхьаьннан а.
Иштта къонахий массо а заманахь хилла нохчийн къоман. Царах цхьаберш, дийна болчу хенахь халкъана буйла а ца хууш, дуьненара дӏакхелхина, цхьаберш дуьненара дӏакхелхича сихха бицбина, цхьа наггахь волчун цӏе исторехь йисина.
Ишттачарах бакъволу ӏеламстаг, къонах ву Гӏойсаман Соип-Молла.
Соьлжа-Гӏалахь кхо де даьккхира Овхьада. Шен хьешашца – Мутушов Ахьматханций, Шерипов Денилбекций – цхьаьна гӏаларчу РСДРП тобанан а, белхалойн забастовкийн, стачканийн комитетийн а куьйгалхошца цара барт бира нохчийн йолахой Росси дӏабуьгу цӏерпошт сацорна белхалой гӏовтто.
И гӏуллакх кхиамца чекхдаьлча, цӏа а ца воьдуш, Соип-Молла волчу Шела вахара Овхьад. Бешарчу шуьйрра генаш даржийна лаьттачу лекхачу, къеначу бӏаран дитта кӏел, Беци тӏе даржийнчу къорзачу истанга тӏехь, гӏевланга биллинчу месийн назбарна тӏе а тевжина ӏаш карийра цунна гӏараваьлла ӏеламстаг. Цунна хьалха лоха, жима стол йара, тӏехь йозан гӏирсаш а, йаздеш йуккъе даьлла тептар а долуш. Уллохь, истанга тӏехь, масех жайна а дара.
Овхьад хьалха шозза хиллера Соип-Молла волчохь. Соип-Моллин къузткъе итт шо гергга бен хан йацахь а, тӏехьаьжча оцу хенал дуккха а къена хетара иза. Зоьртала дегӏ,