Некъахочо корта ластийра.
– Хӏета кхуза куьг йаздел, – къолам, кехат цунна хьалха теттира подполковника.
Некъахочо, кехата тӏехула бӏаьрг а кхарстийна, масех чӏуг йеш, даржийна, куьг йаздира.
– Хӏинца мукъа вуй со? – къолам, кехат йуханехьа дӏа а теттина, дегӏ нисдира некъахочо.
– Некъ дика хуьлда!