– Оцу большевикаш олучеран тобанехь-м вац хьо? – хаьттира Соип-Моллас, цуьнга лерина ла а доьгӏна.
– Вац. Хила ойла а йац. Амма ас а, сан накъосташа а къобалйо церан ӏалашо. Паччахь, хьоладай бохийна, ӏедал шайн кара кхачахь, шаьш заводаш, фабрикаш белхалошна а, латта ахархошна а дӏалур ду, къаьмнашна маршо лур йу, адамашна йуккъехь нийсо йийр йу, кхин дуккха а диканаш дуьйцу цара. Нохчийн къоман маршонан гӏуллакхна царах пайда эца, цаьрца уьйр латтайо оха.
– Политиках дерг суна кӏезиг хаьа. Шуьгахь дуьненан ӏилма ду, шуна дика хуур ду дан дезарг. Амма ларлуш хила. Шена стаг зен лиъча, цуьнан кара ӏедал йа хьал ло Ша, аьлла Дала. Ӏедал шайн карадеача, оцу большевикаш хӏун дер а, ца хаьа. Ткъа хӏинца болчу кхетамца ахь буьйцучу новкъа нохчий бига хала хир ду. Бакъду, цхьаммо хаза хабар дийцича, ӏехалой, жа санна, тӏаьхьахӏуьтту. Къаьсттана кхечу къомах волчу стагана. Оьрсийн а, туркойн а йукъаметтигаш галйевлча, йа тӏом хила гергабахча, йа тӏом болабелча, Нохчийчу баьржа туркой а, ӏаьрбий а. Нохчашна йукъахь мотт-эладита, питанаш лело, нохчий оьрсашна дуьхьал гӏовтто. Ткъа дерриг а хьекъал бӏаьргашна а, лергашна а чохь долу нохчий царна тӏаьхьахӏуьтту. Царна Къуръан деша а, ӏаьрбин мотт бийца а хиъчахьана, ӏехало. Цара шаьш къурайшин тайпанах, пайхамаран цӏийнах ду аьлча а, бакъ моьтту. Амма шайн стаг ца лору нохчаша. Иза мел хьекъале, майра, оьзда, доьналле къонах велахь а. Нийса ма аьлла имам Шемала, нохчийн шайн диканиг лакха тӏевоккхуш гу а бац, зуламхо чутосуш ор а дац. Бахьана стенах доллу? Вайна йа бусалба динан а, йа дуьненан а ӏилманаш цахаарх. Хаа а цалаарх.
Делкъан ламазан хан гергагӏоьртича, цӏеххьана дагадеара Овхьадана ша кхузахь волу кхо сахьт сов хан хилар. Соип-Молле ладегӏарх кӏордор дацара, амма цуьнга а садаӏийта дезара. Тӏехула тӏе, шен балхах иза йукъах а ваьккхинера Овхьада.
– Со жима волуш, тхан дас Буритӏе ишколе деша дӏавеллера со, – хьалагӏатта кечвелира Овхьад. – Шен хьуьжарера дӏа а ваьккхина, хьайн кӏант керстанийн дешар деша хӏунда велла ахь бохуш, тхан деца ийгӏинера йуьртара молла. Сох керста хир ву, бохура цо. Йуьртарчу бераша а ца вуьтура со, тӏехбеттамаш беш.