Хьуьсера хьалхе а йаьккхина, Саьӏад вистхилира:
– Ахьмад, бусалба дин а, шариӏат а, ӏедал а, хьаькамаш а бевзаш долу тхо дӏа а даьхна, тхол хьекъале, тешаме, доьналле ду аьлла, йуьрто шен коьрте хаьржина шу. Ткъа хӏинца, йуьртана тӏе кхерам гӏоьртича, тхо дагадаьхкина шуна. Йуьртан дола дан дезарш а, йуьртах жоп дала дезарш а шу ду. Йурт кхерамах, бохамах кӏелхьарйаккха некъ а шуна каро беза. Ткъа тхуна хетарг шуна хаа лаахь, ӏедало бохург кхочушдан деза йуьрто. Кхин некъ ца хаьа тхуна.
– Амма йуьртана хӏара бохам бинарш шу ду, Саьӏад. Йуьртан коьртехь шу долуш тоьхна и налогаш а, гӏуданаш а, кхиерш а! – са а ца тохаделла, йукъавуьйлира Солта.
Саьӏад цунна тӏевирзира:
– Аш схьа мел ваьллачо иза ма олу? Ӏедало налог, гӏуда тоьхча а, тхо бехке до. Йуьртара стаг лаьцча а, оха лацийтина, олу. Хӏинца хӏара шаьш кегийна худар а тхан коча тоьтту. Наха шаьш йуьртан урхалле хьалхатоттучу хенахь хӏунда ца олура аш цаьрга, йуьртан дола дан а, йуьртах жоп дала а тхоьгахь хьекъал а дац, тхуна оьрсийн мотт-йоза а ца хаьа, тхуна ӏедал а, хьаькамаш а ца бевза? Шаьш кегийна худар хӏинца шаьш даа.
– Хӏай-хӏай! – цунна тӏетайра ӏабди. – Хӏинца и салтий а вай балийна, боху. Йерриг а Нохчмахкарчу йарташна налогаш, гӏуданаш тохийтинарш а, схьадоьхуьйтурш а, салтий балийнарш а вай ду ала а эхь хетар дац! Шайнчул совнаха, йаа сискал йерг ца веза нохчашна…
Хьуьсас, вист ца хуьлуш, резахилла корта теӏабора.
– Туьха тесна пхьид санна, ирах стенна лелха шуьшиъ? – човхийра и шиъ Солтас. – Оьрсийн мотт-йоза а хууш, ӏедал а, хьаькамаш а бевзаш долчу аш хӏун дика болх, хӏун аьтто бина йуьртана? Йуьртана-м хьовха, атталла цхьана стагана а? Ирх а ца лелхаш, шайга дуьйцучуьнга цкъа ладогӏа!
Аьрсамирзин хьаьжа йуккъе, кӏез-кӏезиг гуллуш, шад гулбелира, месала, хьаьрса цӏоцкъамаш, кондарш санна, дусаделира.
– Шаьш бехке дац, боху аш? – царна тӏекъевкъира иза. – Хӏокху йуьртана мел хиллачу бохамашна бехке шун дай а, шу а ду! Дац алал? Ӏабди, хьан да Хортӏа а, воккхахволу ваша Асхьад а хӏокху ӏедалан йалхой, айкхаш ца хилла? Ӏаьлбаг-Хьаьжин гӏаттам болабелча, оьрсийн эскар долчу, Гезлойн-гӏопе, ведда ца ваханера и шиъ? Салташа хӏокху йуьртара цӏенош дагош,