Даим дӏа тӏехь ло хуьлу ира баххьаш мархех чекхдаьхна лаьтта Веданна къилбехьара лекха лаьмнаш а, церан когашкахь, даккъашца, раьгӏнашца йолу къена хьаннаш а, ӏаьржа бос бетталуш сирла, шийла, чехка Хулхуло а. Цаьрга хьежа ваьлча, цунна бицло шена гонаха хаддаза лаьтта кхерам, шега мостагӏаллица хьуьйсу кхузара адамаш а. Хӏора дийнахь, ӏуьйранна ша балха вахале, гӏопан бешарчу чуьйнан когаш долчу дехачу гӏанта охьа а хуий, цигаьрка а уьйзуш, ца ӏебаш цу исбаьхьачу ӏаламе хьоьжу Галаев. Бес-бесарчу зазанийн хьожано дуьзначу цӏенчу хӏавао цхьа тамашийна дарбане там бо цуьнан дагна. Кхузахь ша цхьана масех шарна къонлуш санна хета цунна.
Кхузахь цхьа а тайпа кхерам бац цунна. Хӏокху агӏор бешана гонаха тӏулгийн лекха пен бу. Цунна дехьа агӏор – лекха берд. Оцу берда кӏел кӏорга боьра бу. Цул дехьа – шуьйра, йаьсса Хулхулон тогӏи. Хӏокху агӏор тӏевогӏу стаг цкъа оцу тогӏех чекхвала веза. Тӏаккха кӏоргачу боьран цхьана агӏонах чу а воьссина, вукху агӏонца хьалавала веза. Ткъа и берд, ког гӏорто а, куьг таса а меттиг боцуш, нийсса ирх, шера, лекха бу. Цхьанна а ца гуш, пенна тӏекхаьчча а, лами хӏоттийна, йа пена тӏехь волчо муш кховдийна ца ваьккхича, хьалавалалур вац. Ткъа Галаевс садоӏучу хенахь и пен а, боьра а тогӏи а сема ларъеш салтий хуьлу. Хӏаваэхула тӏомаваьлла вогӏург а, топ тоьхна, чувожор волуш.
Хӏокху кӏелонехь Зеламха хиъна ӏен ши сахьт сов хан йу. Цунна хаьара, догӏа догӏуш, цӏемза де ца хилча, хӏора ӏуьйранна бархӏ сахьт долуш, гӏопан бешарчу гӏанта тӏехь Галаев садоӏуш хуьлий. Цкъа хьалха шиний агӏор лаьттачу моан дитташна йуккъехула дӏа болчу гӏашлойн новкъа мосазза а дӏасавоьдура иза, наггахь чаболахь воьдура. Тӏаккха, цигаьрка а уьйзуш, цхьана сохьтехь оцу гӏанта хуий а ӏай, шен канцеляри дӏавоьдура.
Малх кхеттачул тӏаьхьа кхуза веача а тарлора Зеламхин. Йуькъачу хьуьнхахь адамаш ца хуьлура. Амма ларвалар эрна хир дац. Хьанна хаьа, дечиге йа талла веанчунна тӏенислахь а. Адамех-м хьовха, акхаройх а, олхазарех а тешам байнера цуьнан. Цундела, сатоссучу хенахь ӏуьйран ламаз а дина, атталла гӏашлойн некъашна а йуьстах вуьйлуш, хьун йуькъа йолчухула кхуза веанера иза.