ӏеламхина Сибрех йаккха хан а тухуш, кхел йира суьдо. Чернов дуьхьалвелира оцу кхелана. Зеламха маьрша витахь, Ведана округехь цкъа а синтем хир бац бохуш, мохь хьоькхура цо. Суьдан председатело а, къаноша а, кхечу цӏа чу бахана кхеташо а ца йеш, шаьш болччохь вовшашка масех дош а аьлла, шаьш масех минот хьалха йина кхел хийцира. Веанна а къоъ-ах шераш хенаш туьйхира. Кертара бежанаш а доьхкина, адвокатана делла ткъа туьма ахча, хи чу кхоьссича санна, тӏепаза дайра. Гушмацӏа, къена ву аьлла, Сибрех ца вохуьйтуш, Буритӏа вигира. Ткъа Зеламха а, ӏеламха а, ӏизраил а цкъа Ростове, цигара дӏа – Харькове, тӏаккха Оренбургехула дӏа Илецки Защите бигира.
Дукха хан йалале Соьлжа-Гӏала схьавалийра уьш виъ. Шариӏатан суьдо шайга схьадехнера церан дов. Суд хилале ӏизраил набахтехь дӏакхелхира. Зеламхина хаьара, шариӏатан суьдо а нийса кхел йийр йоцийла, хенаш а тоьхна, шаьш йуха а Сибрех дӏахьовсор дуйла. Шариӏатан суд а йара кхаьънаш оьцуш, ӏедална а, хьаькамашна а йохкаелла. Тутмакхаша гӏо а деш, масех буса къахьегна, набахтин пенах ӏуьрг а даьккхина, цхьана буса ведира Зеламха. Гушмацӏина ца лиира вада. Обаргалла лело ша къена ву, элира цо. Иза ша вита а ца лиъна, цуьнца висира ӏеламха. Оцу буса Зеламхица кхоъ ведира набахтера – Саратиев Муса, Шелара Дики а, Шаӏми-Юьртара Бийсолта а. Уьш виъ цхьаьний обарг велира. Амма Зеламхин кхаа накъостан оьмар йеха ца хилира. Дукха хан йалале Дики, ӏедало лаьцна, ткъа шо хан а тоьхна, Сибрех каторге вахийтира. Муса а, Бийсолта а чӏирхоша вийра.
Ша набахтехь волуш, цигара дийна аравалахь, уггар хьалха кхо гӏуллакх кхочушдан чӏагӏо йинера Зеламхас.
Гушмацӏагӏеран боьрша нах, лецна, Сибрех бахийтича, майраваьллачу махкатӏхойн йуьртдас Зезаган бертаза, Хушуллагӏеран бертахь иза шен кӏантана йигира. Хьалхара чӏагӏо, Зезаг, цаьргара схьа а йаьккхина, Солтамурдана цӏайалор йара цуьнан. Ша набахтера ведда цӏа веанчу шолгӏачу дийнахь, Махкатӏа а вахана, цаьргара Зезаг схьа а йаьккхина, шайн цӏа йалийра цо. Йуьртда а, цуьнан нах а Зеламхина дуьхьало йан ца баьхьира. Зуда бахьана долуш йукъа мостагӏалла дожийта ца лиира царна. Цигахь марехь йу бохуш, цӏе йолуш