Шаьш санна, шу а ийман доцуш
хила лаьа царна…
Къуръан. 4 Сура, 89 айат
Россин ӏедало Нохчийчохь геноцид йолийна кхоалгӏа бӏешо доладеллера, амма цуьнан чаккхе гуш йацара хӏинца а.
Ши бӏе шо хьалха хӏокху Кавказана тӏехь шайн олалла хӏотто гӏерташ, къийсамаш болийра хӏетахь дуьненахь нуьцкъалчу пачхьалкхаша – Англис, Францис, Хонкарас, Ирана, Россис. Цкъа-делахь, исбаьхьачу ӏаламан, хьолечу маьӏданийн мохк бара Кавказ, шолгӏа-делахь, шина хӏорда йуккъехь йолу иза малхбалехь олалла хӏотто ӏаламат доккхачу стратегически маьӏне мохк бара. Хӏокху лаьмнашкахь чӏагӏвелларг шина хӏордан да хуьлура, цуьнан аьтто нислора кхузара дӏа Малхбале кхоссавала, цигара мехкаш дӏалеца, цигахь шен олалла хӏотто. Кавказана гонаха церан дипломатийн, политикийн, разведкийн, шпионийн къийсамаш бӏе шарахь сов бахбеллера, и къийсамаш цкъацкъа тӏаме а боьрзура. Оцу къийсамийн хьеран шина тӏулга йуккъехь хаддаза охьурш кхузара халкъаш дара.
И къийсам чекхбелира, Россигахь толам буьсуш. Цунна масех бахьана дара. Оцу къийсамехь исторически ши мостагӏ вара Россин – Иран а, Хонкара а. Кавказана тӏехула мосазза а цаьршинца тӏом хиллера Россин, уьш хӏора а Иран, Хонкара оьшуш чекхбевлира. ХVIII бӏешо кхаччалц дуьненарчу нуьцкъалчу пачхьалкхашца йагарйеш йолу и ши феодальни пачхьалкх, къанъелла, исторически массо а агӏор кхиарна тӏаьхьайисинера, ткъа хӏетта капиталистически некъа йаьлла Росси массо агӏор чӏагӏлуш йара. Феодальни Хонкаран а, Иранан а ницкъ бацара тӏамца цунна тӏехь толам баккха.
Кавказе гӏерта важа кхо пачхьалкх – Англи, Франци, Итали – шайн исторически кхиарца дуккха а лакхахь, хьалха йара Россил, амма генахь хиларо церан аьтто бохабора кхузахь чӏагӏбала.
Ткъа Россин массо а агӏор аьтто нисбеллера Кавказехь шен олалла хӏотто. Хӏетахь капитализман некъахь ондда хьалхара гӏулчаш йохучу цуьнан оцу заманан лакхарчу техникаца, герзаца кечдина боккхачу барамехь эскар а, флот а йара. Иранца йа Хонкарца тӏом хилча, Россин аьтто бара шен тӏеман ницкъаш Каспин а, ӏаьржачу а хӏордашца церан мехкашка бига.