Ткъа вайн цхьаболчу бохкабеллачу йа кӏиллочу интеллигенташа зорбанехь хьоькху маьхьарий? Нохчий къеллехь бу, мацалла леш бу, ӏедало царна тӏехь харцонаш лелайо, и халкъ лоллехь латтадо, бохуш! Тхуна цхьаъ дика хаьа. Нохчий хӏокху махкахь мел бу, областехь а, Кавказехь а цкъа а машар а, синтем а хир боцийла. Уьш – зударий, бераш, къенанаш – цхьа а са ца дуьтуш, хӏокху махкара дӏа а баьхна, Россин къилбаседехьарчу губернешка дӏалахка беза. Цигахь масех эзар чаккхарма гондӏа тало йурт хир йоцчу. Салазашна жӏаьлеш а доьжна, акхарошна толлуш, рицкъа лаха боьлча, тӏаккха хуур ду царна къинхьегам хӏун йу. Тӏаккха йуьтур йу цара шайн аьрха, акха, цӏийна сутара амалш. Йа лаххьабелла цигахь хӏаллакьхир бу!
Шен кхайкхам зала чохь болчара къобалбина тӏеоьцург хиларх тешна атаман, церан йаххьашна тӏехула хаттаре бӏаьрг а кхарстийна, сцени тӏера каде чувоьссира.
Амма ладогӏархойх цхьа а вист ца хилира…
Нохчийн халкъ шен даймахкара ара а даьккхина, иза Россин къилбаседа губернешка кхалхо идея кхоллаеллера паччахьан правительствон, кхузахь колонизаци йолийча, оцу халкъо шена тӏамца дера дуьхьало йечу тӏеман хьалхарчу шерашкахь.
Къилбаседа Кавказерчу кхечу халкъийн коьртехь цара хаьржина хьекъале, кхетаме, халкъан кхолламан бала болуш, иза зенех-зуламех, бохамех лардан, къоман барт бан гӏерташ доьналле къонахий бара. Нагахь санна и халкъ дакъошка декъаделла делахь а, иштта нах хӏора тайпанан, тукхуман коьртехь а бара. Оцу заманан цивилизацина генна тӏаьхьадисина, архаични делахь а, халкъо, къобалдина, тӏеэцна, массара а кхочушдеш ӏадаташ а, ӏедал а дара. Оцу халкъаша ладугӏура шайн баьччанашка, цара аьлларг а, динарг а, къобалдой, тӏеоьцура. Цундела паччахьан правительствона атта хуьлура оцу халкъашца йукъаметтигаш лело.
Ткъа нохчийн халкъан цо лоруш, сий деш, къобалвеш коьрте хӏоттийна стаг ца хиллера цкъа а. Йа тайпанашка, тукхумашка декъаделлачу оцу тайпанийн, тукхумийн коьртехь а вацара иштта стаг. Нохчашна ца лаьара шайн хьекъале, кхетаме, оьзда, доьналле къонахий шайн коьрте а хӏиттийна, шайн кхоллам церан кара бала, иштта нах лера а, ларбан а. Хӏора нохчочунна лакхе