къайладаьккхина ду-кх иза, – дегабаам бира мажйолчо.
Аюб цигаьрка хьарчо вуьйлира.
– «Хаац» боху дош дашо ду олуш, хезний хьуна, Абубакар? Вай санначу берзалошна далийна кица ду иза. Амма кхузахь цхьа а тайпа къайле йац. Вайша кӏелхьарваккха веза жима стаг мила ву а, мичара ву а, ца хаьа суна. Селхана шена тӏе а кхайкхина, Зеламхас элира соьга: «Аюб, кхана Ведана гӏопера охьа Соьлжа-Гӏала набахти вуьгур волуш цхьа жима стаг ву. Хьайца тешам болу цхьа накъост а вигий, новкъахь кӏело а йай, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тӏе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.
– Тоьуш ду. Ха деш салтий дукха хир буй-те?
– Хьуна маса хила лаара?
– Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй-те вайша?
Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кӏур чу а тоьхна, велавелира.
– Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оьшура!
– Хӏета ас, охьа а вижина, парггӏат садаӏа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.
Хӏара шиъ къамеле ваьлла ӏаш, геннахь говрийн гӏудалкх гучуйелира. Аюба турмал лецира бӏаьргаш тӏе.
– Вайшиммо ладоьгӏурш гучубевли, – элира цо. – Гӏудалкха тӏехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.
– Турмал соьга лохьа! – куьг дӏакховдийра Абубакара.
Турмал шега схьа а эцна, бӏаьргаш тӏе а лаьцна, лерина хьежа вуьйлира иза.
– Охӏ! – мохь белира цуьнан.
– Хӏун хилла?
– Тутмакх, гӏудалкхана тӏера чу а иккхина, ведда!
Аюба шега схьаийцира турмал.
Ши салти веддачунна тӏаьххье бердах чутилира. Кхин а ши салти, гӏудалкха тӏера чу а воьссина, берда йисте дӏахӏоьттира, тоьпаш а йуьйлина. Цхьа масех минот йалале цара бердах хьалаваьккхира ведда нохчо. Цкъа-шозза тоьпан бух а тоьхна, айъина, гӏудалкха чу тесира цара иза.
Муьшаца чӏоггӏа къевлина, хьовзош букъа тӏехьа дихкина куьйгаш а, пхьаьрсаш а, белшаш а лозура Соипан, Веданна гена мел волу. Амма и лазарш дицдора дагна деттачу лазарша. Шена тӏехь лелийнчу харцонна, ша сийсазварна дуьхьало йан, оцу Делан мостагӏех бекхам эца шегахь ницкъ бацаро сабӏарздинера цуьнан, корта хьере бинера. Цхьана минотана а бӏаьргаш хьалхара дӏа ца долура тӏаьххьара а цунна гинчу декъазчу ненан сурт. Хаддаза лерехь декара цо ӏадийна хьоькхучу маьхьаран аз. Дагаоьхура хӏокхуьнан дех