Атаман ца кхеташ, хеттарш дан хӏумма а дацара. Инарлас цунна бакъо йеллера, шена луъу бахьана а хӏоттийна, туземцашна йетта а, леца а, байа а, йарташ йохо а, йаго а, тало а. Ткъа атаман оцу гӏуллакхан воккха говзанча ву, цхьаммо а хьеха ца оьшуш!
Инарла-губернаторца къамел хиллачу шолгӏачу дийнахь Соьлжа-Гӏалахь таллархойн ханна отрядан коьрта штаб а йиллина, цхьа де а тӏаьхьа ца тоьттуш, болх дӏаболийра Вербицкийс. Отряде лаамхой тӏеэцар а, де билгал а доккхуш, официале доцуш, участкийн пурстопашкахула, станицийн атаманашкахула хьалххе дӏакхайкхийнера Теркан а, луларчу а областашкахь. Цундела штаб болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, тӏаьхье ца хедаш, кхуза схьаоьхура отрядехь гӏуллакх дан луурш. Йуьхьанца Вербицкий ша вуьйлира уьш тӏеэца, амма цхьа-ши де даьлча, и болх битира цо. Цкъа-делахь, оцу балхана дуккха а хан йезара, иза цуьнан йацара, шолгӏа-делахь, уьш кхузахь къестош къахьега а, хьекъал а ца оьшура. Схьа мел вогӏург хӏокху отрядана вича санна вара. Эскарехь гӏуллакх дечу хенахь маларе йа кхаьънашка марзбелла, йа шайх тешийна эскаран долалла кехатех ловзийна, йа кхахьпалла лелош гучубевлла доьзалех боьхна, йа кхечу бахьанашца эскарера мукъабаьхна, болх боцуш лела эпсарш, полицейскийш, уголовникаш, мошенникаш, бродягаш, маларчаш, къуй, талорхой бара схьаоьхурш.
Цаьрга хеттарш деш дукха хан а ца йойура штабехь. Массаьрга а хоттуш дерг цхьатера дара:
– Эскарехь гӏуллакх деш хиллий?
– Тӏамехь дакъалаьцний?
– Революцин бунташ хьошуш дакъалаьцний?
– Герз тоха говза вуй?
Цхьаболчаьрга и хеттарш а дора бахьаненна. Аматашка, сибаташка хьаьжча а хаьара, уьш муьлш бу. Йуьхьа тӏехь мо, дукъ кагдина разбаьлла мара, некха тӏехь а, пхьаьрсаш тӏехь а татуировкаш, къух даьлла накхош. Маларо цӏийдина, кӏел хӏоьънаш хӏиттина бӏаьргаш. Ӏаьржа а, можа а баьхьанаш санна йаккхий цергаш. Шимпанзечух тера деха пхьаьрсаш. Царах цхьа битам хилча тоьура и лаамхо отряде тӏеэца. Цхьаболчара шаьш эскарехь, полицехь гӏуллакх деш а, тӏамехь а шайгара девлла хьуьнарш дуьйцура.