– Гӏа а даьлла, хьаннаш йукъайалале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь чекхйала йеза вайн операци, – цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кӏур пехаш чу уьйзира атамана. – Хӏара март йочане хуьлу. Лаьмнашкахь ло ду, ткъа раьгӏнашкахь – ло а, хатт а. Амма март эрна бохуьйтийла дац. Хьоьга дехар ду сан, Алексей Матвеич, отрядашкара лахара чинаш тӏеман гӏуллакхна ӏамор. Уьш дукхахберш эскарехь гӏуллакх дина, ткъа цхьаберш тӏамехь дакъалаьцна белахь а, герз карадерзор карладаккхар эрна хир дац царна. Оцу балхана Воздвиженски уллохь дика меттигаш йу. Цхьана агӏор – шера аре, вукху агӏор – хьаннаша хьулдина лаьмнаш. И цхьаъ ду. Шолгӏа. Апрель тӏекхаччалц мукъа ца ӏан, арентӏарчу цхьацца йарташкара герз схьадоккхуш, масех операци йича, бакъахьа хета суна. Масала, гӏалгӏазкхашна динчу зуламийн лараш дукха тӏеихначу Гуьмсехь а, Мескар-Эвлахь а, Цоци-Эвлахь а. Цкъа-делахь, вайн коьрта болх дӏаболабале, арентӏарчу йарташна кхерам а тесна, вешан букъа тӏехье кхерамзе йар хир ду. Шолгӏа-делахь, мукъа битича, салтийн сагатлур ду. Хьалхара операци Гуьмсехь йийр йу вай. Сан агентуро соьга хаамаш бина, базаран дийнахь цига разбойникаш богӏу, герз а, лачкъийна даьхни а духку аьлла. Операци кечйан ши кӏира хан йу шуьшинна. 14-чу мартехь Гуьмсехь базар гулло. Ӏуьйранна цигахь хилийта 84-чу Ширвански полкан разведкин команда а, хорунжий Яицкийн сотня а, Кахановскехь ханна лаьтташ йолу Гӏизлара-Гребенски полкан сотня а. Нагахь санна шайна оьшу аьлла хетахь, Ширвански полкан цхьа рота салтий а. Базарна го а лаций, разбойникаш а леца, туземцашкара герз а, лачкъийна даьхни а схьадаха. Дуьхьало йинчарна луьра таӏзар а де. Операци чекхйаьлча, отрядаш Хаси-Юьрта дӏайига. Операцина тӏехь куьйгалла дар Ширвански полкан разведкин командирин начальника штабс-капитана Ардабьевскийна тӏедилла. Ткъа со цхьамогӏа дӏатетта йиш йоцчу гӏуллакхашна Буритӏа воьду.
Царах коьртаниг «Теркан ведомосташ» газетан редакцехь дара Вербицкийн.
Гӏачалкха-Дукъ малхбузехьа хедачохь, жимачу Гумс-хина йистехь, йаьржина ӏуьллура пхи бӏе гергга цӏа долу Гуьмсе йурт. Цунна уллохула чекхболу Соьлжа-Гӏалара Хаси-Юьрта кхаччалц болу, хьалха тӏеман заманахь оьрсийн эскарша хьаннаш а хьоькхуш баьккхина, нохчаша Бӏон-некъ олу шуьйра некъ.