– Герз схьало, господин старшина!
– ӏедало герз лело йелла бакъо йу сан.
Урядник хорунжига хьаьжира.
– Урядник Тонкогубов! Омра кхочушде!
Шена гӏоьнна ши гӏалагӏазкхи тӏевеача, йуьртдена коьртах шед туьйхира урядника. Йуьртдас шед тоьхна, урядникан аьрру бесни тӏехь цӏен аса хӏоттийра. Тӏаккха шен тапчанах тасавелира иза. Амма цхьацца агӏор тӏетасавеллачу кхаа гӏалагӏазкхичо, озийна, говрара охьа а ваьккхина, шодмаш йетташ, мийраш бетташ, хьеша волийра. Оццу минотехь царна тӏекхечира Ардабьевский.
– Хӏара мила ву, хорунжий?
– Кхузарчу йуьртан старшина ву ша, боху.
– Дӏахеца иза! – омра дира цо гӏалагӏазкхашка.
Довхой дӏасакъаьстира. Йуьртда, шина цергаца багара цӏий дӏа а кхоьссина, шен гӏодайуккъе хьаьжира. Шаьлта а, тапча а хиллачохь баьсса ботт а, йаьсса хумпӏар а кхозура. Моршах ийна цӏий оьхура урядникан мерах. Цхьа бӏаьрг ӏаржбелла, кедара схьагӏоьртинера, хьаж тӏе кхеттачу шедо цӏен аса йитинера. Шолгӏачу гӏалагӏазкхичун цергаш йаьхнера, кхоалгӏачун йуьхьа тӏехь гуш чов-чордо йацара.
– Документаш гайтал, – элира Ардабьевскийс йуьртдега.
Йуьртдас гӏовталан некха тӏерачу кисанара схьадаьхна кехаташ дӏакховдийра цуьнга.
– Герз дӏало цуьнан, – омра дира штабс-капитана, кехаташ а дешна.
Шега схьайелла шаьлта батта а, тапча хумпӏара а йоьллина, куьг хьаькхна, бедарш тӏера бокх-боккха хатт охьа а божийна, хорунжина тӏевирзира йуьртда:
– Господин эпсар, цуьнан локхаллин областан начальникан инструкцин цхьайтталгӏачу пункта тӏехь ӏедалан балхахь болчу нохчашкара герз схьадаккхар дихкина. Ахь когашца хьешна и пункт. Шолгӏа, кхаа гӏалагӏазкхичуьнга суна йеттийтина ахь, со хӏокху йуьртан старшина вуйла хьайна хуъушехь. Хӏара гӏуллакх ма-дарра дуьйцуш, хьо жоьпе озор а, хьуна таӏзар дар а доьхуш, областан начальнике арз йаздийр ду ас.
Тӏаккха урядникана тӏевирзира иза:
– Ткъа хьо стешхачу зуьдах, боьха хьожа йогӏучу хьакхех бекхам ца эцахь, ас зударийн кортали лелор ду хьуна!
Хорунжий шек а вацара. Цунна хаьара, цкъа-делахь, нохчочо мичча йаздича а, шаьш динарг чӏагӏдан тешаш боцийла а, шолгӏа-делахь, мел дукха тешаш хилча а, шайна таӏзар дийр доцийла а. Амма урядникана тесна кхерам шен метта кхийтира. Урядник Теркал дехьарчу станицашкара вара, нохчашна хӏумма а хала дацара иза каро а, вен а.