Ардабьевский дог доьхна велахь а, салтий а, гӏалагӏазкхий а самукъадаьлла бара. Цара шина сохьтехь кхузахь бина болх стом боцуш ца бисинера. Оцу балхо цхьаболчеран йаххьашна а, догӏмашна а тӏехь девнан лараш йитинехь а, уьш йицйеш кара хӏонц йеанера царна. Церан карахь а, кортош тӏехь а, белшаш тӏехь кхозуш а, пхьаьрсаш кӏел лецна а гора вертанаш, башлакхаш, куйнаш, шаьлтанаш. Гӏалагӏазкхийн говрийн нуьйраш тӏехьа дихкина а ду кузаш, истангаш, вертанаш, цхьацца баккхалех дуьзна галеш.
Нохчо вийча, гӏалагӏазкхи жоьпе озош, цунна таӏзар деш меттиг ца хилла хӏинццалц, цхьаъ доцург. Лурчах Соьлжа-Гӏалахь хьалхий-тӏаьхьий ши суд хилира. Гӏалагӏазкхичун говр лачкъийначу нохчочунна кхо шо ах шо хан туьйхира, ткъа нохчо вийначу кхечу гӏалагӏазкхичунна – кхо шо. Нохчашна таӏзарш деш, гуттар тӏех закон талхийна, къиза хиллачу эпсарна, администраторша таӏзар дар, иза хӏокху махкара дӏа а ваьккхина, кхечу къоман махка а вахийтина, цигахь оццу дарже дӏахӏоттор дара.
Иза дерриг а дика хаьара штабс-капитанна. Делахь а хӏинццалц ша цӏена ларйина оьрсийн эпсаран цӏе зорбанехь а, белхалойн митингашкахь а кхайкхош, бехйан ца лаьара цунна, цундела хӏокху таханлерчу гӏуллакхана цхьа бехказло лоьхура цо.
Ардабьевскийс шена тӏекхайкхира оьгӏазваханчуьра хӏинца а ваставалаза йуьстах лаьтта йуьртда.
– И ворданашкахь баьхкина нах муьлш бу? – дӏа пӏелг хьажийра Ардабьевскийс.
– Ца хаьа суна. Декъий а, чевнаш хилларш а кхузара дӏабига баьхкина нах хир бу-кх.
– Вало, царна тӏевоьду вайша.
Уьш гуьмсахойн молла а, иттех гуьмсахо а вара. Ворданаш чу даржийнчу ча тӏе, нисдеш, декъий охьа а дохкуш, йаххьаш дӏахьулйеш, тӏе истангаш туьйсура цара. Чевнаш хилларш кхечу ворданаш тӏе хьалабехира. Кортош, пӏендарш, пхьаьрсаш, настарш кегйинарш а бара. Цхьаболчара, лазаршна са ца детталуш, узарш дора, вукхара, цергаш ваьшта а теӏош, хала садеттара.
– Хаттахьа оцу нахе, и байъинарш а, чевнаш хилларш а мичара, муьлш бу, хаьий царна?
Йуьртдас хаьттира нахе.
– Ца хаьа царна.
– Царна хӏун дан ойла йу церан?
– Церан нах гучубовллалц декъий маьждига чу охьадохкур ду, ткъа чевнаш хилларш шайн цӏахь кхобур бу. Хӏокху майданахь буьтийла ма дац уьш.