хуьлда царна. Хӏета, сиха кечло.
Зеламхас шеца дӏавигира Бийсолта. Цхьана волу цхьа ваша…
Зеламха вина меттиг уггар хазачарех цхьаъ йара Нохчийчохь, амма цул хаза меттиг дуьненахь йан а йац, хила йиш а йац, моьттура цунна. Ша обарган некъа валлалц цунна Хорачана гондӏара меттигаш а, аьхка жа дажо воьдуш хилла Къоьзан-ӏам а бен, кхидолу нохчийн лаьмнаш ца гинера. Обарг ваьлла, кхерста воьлча, цунна гира цкъа хьалха Чӏебарлан, тӏаккха Органан а, ӏассан а лакхенашца долу нохчийн а, гӏалгӏайн а лаьмнаш. Тӏаккха хиира цунна ша винчу меттиган мискалла.
Лаьмнаш-м массанхьа а цхьатера дара. Цкъа а тӏера ло а, ша а ца бешаш, ира баххьаш мархех чекхдаьхна, сийначу стигала хьала а доьгӏна. Церан лакхенга хьалаваьлча, генна лакхахь йаьржина, хӏиттина йа керчаш гора бамба санна кӏайн, кӏеда мархаш. Царна тӏехула волавелла вахалур волуш санна, хеталора. Тӏулган тархашца хьийзаш, лакхара чуӏенаш, лах-лахахь цхьаьнакхетий, даккхийчу татолашка а доьрзий, хьалахьаьжча лакхе ца гучу гаттийчу чӏажаш чохь ӏаламан буьрсачу ницкъе а доьрзий, даккхий чхернаш хьалха дӏакерчош, ца карчалучунна тӏехула кхийсалуш, аренан маршоне сихделла уьду хиш. Лаьмнийн басешкахь а, когашкахь а адамаша дезар оьцуш, йа дезар эца церан ницкъ боцуш кхиъна лекха, йуькъа, къена хьаннаш. Тогӏешкахь бацо сендина, бес-бесарчу зезагаша къарздина ирзош. Цхьаццанхьа оцу ӏаламо куц деллачу ирзошна йуккъехь хиш хӏиттина кегий ӏаьмнаш. Оцу лаьмнашкахь го тайп-тайпана акхарой, олхазарш. Черчий, сеш, лунаш, акха гезарий, уьстагӏий. Тархийн баххьашна тӏе охьахевшина а, сийначу стигалахь, мархашна кӏел хӏаваэхь хьийза а аьрзунаш, лечарчий, куьйранаш. Дерригенан сурт хӏотто а, дийца а хуур дац.
Зеламхина дика девзина кхузара лаьмнаш а, исбаьхьа ӏалам а. Акхарой бен ца лелало некъаш, хьехаш, ширачу гӏишлойн херцораш а, массо бӏов а.
Зеламха ца ӏебаш хьоьжура оцу исбаьхьачу, амма буьрсачу ӏаламе. Кхузахь иза цецвохург и ӏалам дацара. Иза-м ницкъ болчу Дала кхоьллинера. Зеламха цецвуьйлург а, къайленна тӏаьхьа цакхуьург а кхин дара. Кхузахь адамаша шайн куьйгашца кхоьллинарг. Йарташкахь а, царна гонаха а стаг гӏаш а халла бен