Шен жимачу доттагӏчуьнца къамел долийра Зеламхас:
– Тӏаккха, берзан кӏеза, муха ду хьан гӏуллакхаш?
– Дика ду.
– И хӏун кинашка йу ахь йоьшург?
– Деша ваха кечам беш ву со.
– Мичхьа?
– Полтаве.
– Иза мичахь йу?
– Генахь йу. Москохал а генахь.
– Цига гена ца вахча, кхузахь йац ишкол?
– Эпсарийн ӏилма ӏамо воьду со. Иза ӏамош ишкол йац кхузахь.
Зеламха, корта а хьовзийна, велавелира.
– Обаргашна дуьхьал тӏом бан ӏама воьду хьо?
– Сан да эпсар ву, амма иза цкъа а обаргашна дуьхьал ца ваьлла. Мелхо а, хьан доттагӏ ву иза.
– Кхин ӏилма ӏамо хӏунда ца воьду хьо? Инженеран, абалкатан?
– Суна тӏеман дешар ӏамо лаьа.
– Хӏунда?
– Паччахьан ӏедалх нохчийн халкъ маьршадаккха.
– Хӏета, обарг хила ойла йу-кх хьан? Обаргана цхьа а дешар ца оьшу! Цуьнан ишкол хьаннашкахь, лаьмнашкахь йу. Соьца дӏавола, ас ӏамор ду хьуна тӏеман дешар.
– Хӏан-хӏа, обарг хир вац со. Обаргашка маьршадаккхалур дац нохчийн халкъ. Уьш кӏезиг бу.
– Ахь хӏун дийр ду ткъа?
– Дерриг халкъ, ламанан дерриг а халкъаш а гӏовттийна, Шемал санна, церан коьрте хӏуттур ву со.
Кӏант, шена тӏе а озийна, маракъевлира Зеламхас.
– Борз хир йу хьох, Асланбек! Амма дерриг а ламанан халкъаш а гӏовттийна, ткъе пхеа шарахь тӏом бинчу Шемале а ца эшаделла паччахьан ӏедал. Цуьнан хьаькамаш байа беза. Кхин некъ бац…
Пхьор диъначул тӏаьхьа шен гӏуллакх дийцира Зеламхас:
– Полковник Добровольский хьакха дара. Полковник Галаев уггар къиза экха дара. Дудников чагӏалкх йу. Амма цара а, кхечара а, шаьш со вен гӏертахь а, цхьаммо а со сийсаз ца вина. Суна, зуда йу, кӏилло йу, ца аьлла. Царна хаьара, со кӏилло баба йоцийла. Ткъа Вербицкий бохучу оцу кхахьпано, со кӏилло баба йу аьлла. Аьлла а ца ӏийна. Газет тӏе а йаздина, йерриг Россехула дӏакхайкхийна. Ас хоуьйтур ду оцу зуьдана, со кӏилло баба йоцийла! Сан цӏарах жоп йазде оцу кхахьпане. Иза газете дӏало. Вербицкийн кхайкхам санна, йерриг а Россина довзийта. Со цхьаъ цхьаннах лата вер ву цуьнца. Сайца цхьа а накъост а воцуш. Цо къасттийнчу герзаца. Тешнабехк, йамартло ца йан ас Къуръан тӏехь чӏагӏо йо, ала. Хӏинца Вербицкийс санна, соьга цхьаъ а дийцина, Дудниковс суна йина йамартло а йазйе.