Масех бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кехат йаздира цо, ша обарг валаран а, шен доьзална хиллачу бохамийн а бахьанаш дуьйцуш, ша хӏокху исс шарахь бина хала некъ а, кхузарчу ӏедало шена а, нохчийн халкъана а тӏехь йина харцонаш а йуьйцуш, шена маршо йоьхуш, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина бехк-гуьнахь доцу адамаш даймахка цӏадерзор доьхуш. Оцу дехарна а жоп ца делира. Цхьана газето и кехат зорба тоьхна бохуш, хезнера Зеламхина.
Хӏинца цунна тӏаьхьа талла чагӏалкхийн арданг хецна. Масех эзар салти а, гӏалагӏазкхи а. Иза вен. Цуьнан накъостий байа. Цуьнан доьзал схьалаца. Иза Сибрех бахийта. Бехк-гуьнахь а доцу эзарнаш адамаш махкахдаха. Йарташ йохо, йаго, тало. Ткъа цхьанххьара а орца дац гуш. Цхьа Дела воцчуьнгара, орца хир дац цунна. Цо гӏо дийр ду Зеламхина мостагӏашца къийса, царах бекхам эца. Ницкъболчу Делан гӏоьнца Зеламхас бекхам оьцур бу оцу Делан мостагӏех. Уггар хьалха оцу Вербицкий бохучу стешхачу зуьдах…
Вербицкийн кехат зорба тоьхнера черносотенни «Теркан ведомосташ» газето. Зеламхин кехат оцу газето зорба тухур ду бохучуьнга дог дохийла а йацара. Цундела хӏетахь мелла а либерале долчу «Терк» газете дахьийтира Деналбека Зеламхин кехат. Революци хьаьшначул тӏаьхьа йерриг а Россехь карзахйаьллера реакци. Жимма а демократин хьежамаш болчу газето ӏедалан политикина дуьхьал, халкъехьа гӏо доккхуш дош аьлча, иза дӏакъовлура йа лан ца даллал гӏуда тухура. Цундела, шена мел чӏогӏа лаахь а, «Терк» ца хӏоьттира Зеламхин кехат зорбане даккха. Амма цо шен ницкъ кхочург дира. И кехат Вербицкийга дӏакхачийра.
Областехь низам хӏотто ша кхуза кхайкхича, Вербицкий догцӏенна тешна вара шен ницкъах а, хьекъалх а, Пятигорски отделехь революци хьошуш а, Дегӏастанахь обаргашна тӏаьхьа толлуш а, шена зеделлачух а. Цундела цо сацам бинера хьаннашкахь гӏа далале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь обаргашца дерг кхузахь чекхдаккха.
Хаси-Юьртан округехь гӏуллакх иза реза волуш дӏадоьдура. Хорунжис Яицкийс цигара схьа хаам бинера, меттигера набахти тутмакхех йуьзна, лоьцу нах чубохка меттиг цахиларо шен болх сацийна, суьдо кхел йина, хенаш тоьхна нах цигарчу набахтера дӏа а бахий, лагершка дӏахьовсо гӏайгӏа бахьара бохуш.