Тахана цкъа гӏуллакх дика дӏадоьдура Вербицкийн. Дийнахь сарралц болх кхехкара цуьнан штабехь. Рапорташ, донесенеш схьакхоьхьуш а, омраш дӏакхоьхьуш а геланчийн могӏа хуьлура. Наггахь отрядаш йолчу воьдура Вербицкий. Амма буьйсанна ша-шена мукъа хан лора цо, болх штабан начальникана капитанна Вобицна тӏе а буьллий. Буьйсанна тӏаьххьалц сакъоьрура, тӏаккха садоӏура. Соьлжа-Гӏалахь цунна чӏогӏа йезайеллера эпсарийн клуб. Цигахь мехкарий а, халхарш а, дика даарш а, маларш а хуьлура. Уьш кӏордийча, эпсаршца кехатех ловзура.
Тховса самукъане вара атаман. Кхаа эпсарца кехатех ловзуш, массо а болехь кехат дика долура цуьнан. Ларамаза тӏекӏелкхийсинчу кехатийн ахчанийн оьла йара цунна хьалха. Стоьла тӏехь хӏоттийна бокала чохь, суйнаш туьйсуш ловзуш, шампански чагӏар а, схьадиллинчу даточу гӏутакх чохь уггар дика цигаьркаш а йара. Уллохула дӏасабовлучу мехкаршка бегаше дешнаш а кхуьйсура цо. Цхьаболу эпсарш, уллохь совций, къамеле бовлура цуьнца.
– Тӏаккха, господин атаман, хьан кехатана жоп деллий Зеламхас?
– Делла.
– Шуьшиъ маца лета?
– Цкъа а.
– Хӏунда?
– Шозза вахана со цо йиллинчу меттиге. Цхьана минотана а тӏаьхьа ца вуьсуш. И кӏилло ца йеара цига!
– Тамашийна хӏума ду-кх иза! Хӏинццалц схьа шен дош кхочушдина цо…
– Кхузахь цецвала хӏумма а дац, господа. Шуна и Зеламха турпал ву моьттура, ткъа иза, ас цуьнга дӏа ма-аллара, кӏилло баба йу.
Ша и аьшпаш буьттуш, цуьрриг а йуьхь а ца цӏийлора Вербицкийн.
Вербицкийн отрядана хьалха хӏоттийна коьрта ӏалашо Зеламха а, цуьнан обаргаш а схьалецар йа хӏаллакбар, Зеламхин доьзал йийсаре балор йара. Амма цхьанна а ца хаьара, Зеламхин доьзал мичахь бу. Ӏасса-хин лакхенца, лаьмнашкахь бу, олура агенташа. Ткъа и лаьмнаш мел дукха ду цигахь. Лекха а, лоха а. Даккхийнаш а, кегийнаш а. Хьаннаша дукъдина а, баххьаш тӏера цкъа а ло, ша дӏа ца болуш а. Лаьмнашна бухахь – бӏеннаш хьехаш. Жимо йурт чу а тарлур йолуш. Бӏеннаш бӏаьвнаш. Ког когах кхетта а, галваьлча, охьа чувоьжча, лахьо даьӏахк а карор йоцуш, лекхачу торхашца гӏашнекъаш. Цигахь муха карабо обаргаш? Ткъа уьш дагахь доцчохь хуьлу. Кӏело а йой, тӏе а йеттий, салтий а бойъий, къайлабовлу.