Ас шайна тӏедехкина декхарш аш цӏена кхочушде, тӏаккха Со шуьца хир ву.
Къуръан. 2 Сура, 38 айат
Ала цаьрга: «Хӏай адамаш! Дала цӏена, нийса некъ гайтина шуна;
оцу некъа ваханчо шена дика до; тилавеллачо шена зулам до;
цунна Соьгара гӏо хир дац».
Къуръан. 10 Сура, 108 айат
Хьалха ӏедалан суьдо Гушмацӏина тоьхна хан дӏайаьккхира шариӏатан суьдо. Иза къена вара. Ша дуьненахь йаккха йисина хан машаре йаккха сацам хилира цуьнан, Хорача цӏа вирзича. Амма ӏедало ца вуьтура иза шен лаам а, сацам а кхочушбан. Обарг ваьлла, зуламаш деш лела хьайн кӏант ӏедална тӏевалаве бохуш, ша бӏарзвича, кӏантах дӏакхийтира иза.
Элсангӏаьрца долу мостагӏалла а машарца дерза ца дуьтура ӏедало. Добровольскийс шена герга озийнера церан цӏийнан нах. Цунна къаьсттана доггах гӏуллакх дора ӏадода. Зеламхас а, цуьнан доьзало а, гергарчу наха а дӏа мел баьккхина ког ӏедале дӏабуьйцуш, уьш къиза хьийзабойтура цо. Зеламхас мосазза а алийтира цуьнга, и хьайн мотт сацабе. Амма иза ца соцура. Ӏедало ша ларвийр ву, моьттура цунна. Зеламхас ӏадод вийра.
Хьалха чӏир дуьхь-дуьхьал нисйеллера церан. Элсангӏара Солтамурдан доттагӏ Ушурма вийча, цунна дуьхьал Элсан вийнера Гушмацӏагӏара. Ткъа хӏинца хӏокхара ӏадод вийча, цӏий хьаьрчира царах.
Гушмацӏин ваша Хьамза, воккха стаг, гӏийла стаг вара. Цхьана пӏераскан дийнахь, рузбанера арабевлча, Хьамза вийра Элсангӏеран наха. Хьамзас дехарш дира цаьрга, ша къена стаг ву, шен вашас а, цуьнан кӏанта а лелочу гӏуллакхийн декъахь а вац, тӏе аш лацийтина шен кӏант набахтехь велла, ша ма вехьара аш бохуш. Хӏетте а вийра.
Гушмацӏин воккхахволу кӏант Хаси цомгаш, гӏийла стаг вара. Цхьа а доьзалхо а вацара цуьнан. Иза гӏийла стаг хиларна, Гушмацӏин чӏирхоша а новкъарло ца йора цунна. Амма ӏедало хьийзавора и миска, хьайн да а, ваша а шайга схьало бохуш. Эххар а, лаьцна вигна, Ведана набахти чу кхоьссира иза.