бара? Обаргаш бацара уьш?
– Обаргаш бацара. Хьеший бара.
– Шаьш тӏебиссинчу хӏусамехь хьешаша тӏом беш гӏиллакх маца дуьйна ду шун?
– Цкъа а ца хилла. Хӏинца а дац.
– Тӏаккха шаьш тӏебиссинчу хӏусамера схьа паччахьан салташна герз хӏунда диттина оцу хьешаша?
– Цкъа-делахь, цӏеххьана йуьрта а лилхина, герзаш диттинарш салтий бара. Шолгӏа-делахь, хьешаша йекхнарг чӏир йу…
– Хӏун чӏир?
– Аш селхана вийначу пхеа гӏалгӏачун чӏир. Церан гергара нах бара уьш, кхузахула чекхбовлуш, делкъе йан севцца…
Букъа тӏехьа ши куьг лаьцна, шозза-кхузза дӏаса а волавелла, йуьртдена хьалха сецира Дудников:
– И разбойникаш аш йуьрта битарна, ас шайна хӏун таӏзар дийр ду, хаьий шуна? Шун йуьртах чим бийр бу ас!
– Уьш хьеший бара. Хьаша хӏусаме ца вита бакъо йац тхан…
– Уьш разбойникаш бара! Разбойникашна хьошалла леладе аьлла, гӏиллакх дац шун къоман!
– Уьш машаре нах бара. Бехк-гуьнахь доцуш, шайн пхи стаг аш вийча, чӏир йекха арабевлла!
Дудниковс раз ластийна, бетах шед туьйхира йуьртдена. Цуьнан беснеш тӏехь цӏен аса хӏоьттира, мерах цӏий хьаьдира. Вист ца хуьлуш, оьгӏазе Дудниковга хьаьжира гӏалгӏа. Оцу хьажарехь цкъа а машар хир боцу мостагӏалла гора.
– Массо а цӏийнах хьовса! Левчкъина бисина разбойникаш лаха! Герз лаха! Разбойникаш, герз къайладаьхна нах, леций, схьабалабе! Гӏуллакх чекхдаллалц, цхьа а стаг кхузара дӏаса ма валийта! – омра дира Дудниковс шена уллохь лаьттачу эпсаршка.
Омрин бакъдолчу маьӏнех кхеттачу салтийн, гӏалагӏазкхийн йаххьаш йекхайелира. Уьш кӏотархула дӏасабаьржира, мелла а битамехьчу цӏеношна шаьш-шаьш хьалха тӏекхача а къуьйсуш. Цара доггаха болх бийриг хиларх тешначу Дудниковс йоцца кхеташо йира эпсаршца.
– Кхидӏа вай хӏун дича бакъахьа хета шуна, господа?
– Дан дезарг оцу бахархошка ахь дӏааьлла, – вистхилира Григорчук. – Кӏотар а йагийна, къилбехьа, Борахчу-лома дӏагӏур ду-кх.
Вукху ворхӏ эпсаре хьаьжира Дудников. Царах цхьа а вист ца хилира. Григорчука аьллачунна реза бара а, хаац, йа лакхарчу шина эпсарна йуккъе дош ала ца лаьара а, хаац.
– Йурт йагорна со дуьхьал ву, – элира Дудниковс, уьш цхьа а вист ца хилча. – Гӏалагӏазкхаша бехк-гуьнахь доцуш селхана вийна пхи