– Кхидӏа? – хаьттира цо Зеламхе.
– Кхидӏа хӏумма а ца йаздо. Сан цӏе йилла лаха. И хьакха Соьлжа-Гӏалахь ду, боху. Деналбек волчу а гӏой, и кехат сихха оцу кхахьпане дӏакхачаде, ала. Иштта йаздай, цхьа кехат газете дӏало а, ала.
Суьйранна, и гӏуллакх чекх а даьккхина, Аюб йухавирзича, иза а, Саламбек а йуьстах а ваьккхина, шен сацам а, план а цаьршинга йийцира Зеламхас.
Саламбек реза ца хилира оцу гӏуллакхна.
– Цул гергахь ма йу вайна Соьлжа-Гӏалара а, Буру-Гӏалара а банкаш, – элира цо, жимма ойла а йина.
– Суна оьшург ахча дац, Саламбек. Цкъа-делахь, Вербицкийна со кӏилло зуда йоцийла хаийта лаьа суна. Шолгӏа-делахь, вай цигара банк йеача, ӏедало даржах а вохийна, хӏокху махкара дӏаэккхор ву иза. Кхозлагӏа-делахь, оцу зуьдо лелийнчу къизаллашна дуьхьал шатайпа бекхам а хир бу иза.
Саламбека ойла йира.
– Гӏизлара гена меттиг йу, Зеламха. Гӏумкийн, ногӏийн, гӏалагӏазкхийн мехкашкахула дӏасадаха деза вай. Дика герз, дой долуш, масех эзар гӏалагӏазкхи ву некъашца. Гӏизлара чохь эскар ду. Хаси-Юьртахь эскар ду. Гӏумкийн, ногӏийн йарташкахь пурстопаш бу, шайца дуккха а барамехь стражникаш а болуш. Хаси-Юьртахь долчу эскарал совнаха, Гуьмсе базарахь талораш дина Ардабьевскийн отряд йу. Оцу Делан мостагӏашна йуккъехула дӏасадахалур дуй-те вай? Тохара Месяцев йийсаре валош хилларг ма хилахьара вайна. Хӏетахь иштта гена а ца даханера вай. Хьан да а, ваша а, кхин вайн кхо накъост а вийра.
– Иза шатайпа гӏуллакх дара, Саламбек. Хӏетахь вайна тешнабехк бинера. Орцанна тӏаьхьадаьллачу эскарх кӏелхьара а девлла, хӏинца-м кхерам бацара вайна аьлла, паргӏатдевллачу хенахь. Ткъа хӏинца ас дош ло шуна, вайх цхьа стаг ца вуьйш, цхьана стагана чов-чардо ца хуьлуш, дийна, могаш-маьрша цӏа дерзо. Баккъал а аьлча, Саламбек, цигахь логге кхаччалц герзашца кечбелла масех эзар гӏалагӏазкхий а, салтийн эскарш а ца хилча-м, тамаша а бацара Гӏизларера банк йахьар. Уьш дуккха а болу дела ма лаьа суна цига ваха. Ваьш кӏилло доцийла хаийта, мостагӏий мел дукха белахь а, цаьргахь мел дукха ницкъ белахь а, ваьш ца кхоьрийла хаийта.
Саламбек а, Аюб а доза доцуш майра ши стаг вара. Ткъа Саламбек Зеламхел а тӏех майра вара. Амма Зеламхас цхьа сацам