гӏалагӏазкхашна йукъа тоьпаш йеттара. Гӏалагӏазкхий а, стражникаш а, хӏокхарна маьрша ков дуьтуш, дӏасабаьржира.
Зеламха шен накъосташца Теркан тӏай тӏе сихвелира. Цигахь Меркуровс йахийтина салтийн команда йуйла, ца хаьара цунна. Хьанна моьттура, оцу йоццачу хенахь цига салтий кхочур бу. Хӏорш геннахь гучубевлча, стенна делахь а, дӏасаида буьйлира салтий, тӏаккха цхьацца дуьхьалонашна тӏехьа а левчкъина, хӏорш къахко санна, тоьпаш, пулемет йетта буьйлира. Амма дӏаьндаргаш хӏокхарна аьттехьа а ца йогӏуш, цхьанхьа охьаоьгура.
Цӏеххьана Теркана дуьхьал хьала а вирзина, хи шуьйрачохь гечо а лехна, сецира Зеламха.
– Дехьадовла сихха!
Бӏаьстенан йуьххьехь букъарше Терк говрийн накхошца этӏош, цуьнан аьтту агӏон тӏе дӏагӏертара накъостий. Тӏай тӏера салтий, меттахбевлла, уьдуш, схьахьаьлхира. Амма Теркал сехьа висинарг кхо накъост – Зеламха, Саламбек, Аюб бен вацахь а, тоьпан дӏаьндарг кхоче герга гӏорта ца баьхьаш, генара схьа тоьпаш йеттара цара.
Накъостий берриг а Теркал дехьа бевлча, Саламбекана а, Аюбана а тӏевирзира Зеламха:
– Дехьавала ший а. Ас салтий совцор бу.
Амма важа шиъ меттах а ца велира.
– Шуьшинга бохий ас-м! Хан ма йалийта!
– Айхьа хӏун дуьйцу хаьий хьуна, Зеламха? Цӏоз санна, тӏегӏертачу салташна дуьхьал Зеламха ша цхьаъ а витина, Саламбек, ведда, кӏелхьарваьллера боху цӏе ас сайна йойтур йоцийла, ца хаьа хьуна? Йа хӏокху итт шарахь со ца вевзина хьуна?
Зеламхина дика вевзара Саламбек. Масех шо хьалха шена Хонкара вада дагадеача, цо шега аьлларг а ца дицлора цкъа а. Аюб а вевзара. И шиъ майра, тешаме, доьналле ши накъост вара цуьнан. Цхьана дийнахь а, цхьана шарахь а зийна вацара. Итт шарахь зийнера. Зеламхин ши тӏам бара и шиъ. Хӏинца цаьршинца къийсар эрна дара. Зеламха кхузахь а витина, Теркал дехьа вер вацара и шиъ.
Шен говр, урх озийна, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏоттийна, шед тоьхна Терка чу тесира Зеламхас. Тӏаккха цунна тӏаьххье Саламбека а, Аюба а изза дира.
Таш-Гечон махка тӏе кхаьчча, садаӏа севцира уьш. Банкера шаьш деана ахча цигахь дагардира цара. Иза пхи эзар сом бен дацара. Зеламха ахчанан дуьхьа ца ваханера Гӏизлара. Вербицкийна бекхам бан ваханера.