хиллачу эпсарша а тоьшалла дийр ма ду. Хӏан-хӏа, даржах а, чинах а вохийна вуьтур вац. Суд йийр йу. Зеламхас шен дош кхочушдина. Цо уггар эхье бекхам эцна цунах. Хӏокху эхьал Зеламхех летта валар гӏоли йара цунна. Тӏаккха исторехь хастаме йуьсур йара цуьнан цӏе. Амма деган кӏоргехь хӏара гӏуллакх, суьде ца долуш, дӏадерзаре дог а дохура цо. Вербицкийс дукха гӏуллакхаш ма дина ӏедална. Пятигорскехь а, Дегӏастанахь а, хӏокху Теркан областехь а. Михеевс шен омри тӏехь уьш билгал а ма даьхна…
Шолгӏачу дийнахь Вербицкийца цхьаьна Гӏизлара кхечира Орбелиани а, Зайцев а. Гӏуллакх теллича, гучуйевлира кхузарчу администрацин зуламе ледарлонаш. Зеламхас ша кхузара банк тало вогӏур ву аьлла, бина хаам хууш хилла отделан начальникан гӏоьнчина Аверьяновна а, гӏалин хьаькамна Воробьевна а, гарнизонан начальникна Меркуровна а, пурстоьпана Вариевна а, доцца аьлча – меттигерчу администрацин куьйгалхошна массарна а. Амма уьш массо а шекбоцуш ӏийнера. Тӏе, Вербицкийн метта висина цуьнан гӏоьнча Аверьянов а, гӏалин хьаькам Воробьев а оцу дийнахь, малар мийлина, тӏуртӏазваьлла ӏиллинера.
Зеламхас Гӏизларера банк талийна аьлла, областан начальнике телеграмма кхаьчча, Орбелианис гӏовттийра Соьлжа-Гӏалин, Ведана, Хаси-Юьртан округашкара берриг а тӏеман ницкъаш. Цара дӏалийцира Гӏизларера схьа Нохчийчу догӏу – кегий а, даккхий а – дерриг а некъаш.
Массарал а жигара хьаьвзинера Гуьмсен турпалхо, штабс-капитан Ардабьевский. Гӏизларна массарел а гергахь йара Хаси-Юьртахь лаьтта цуьнан отряд. Таш-Гече кхаьчча, цигахь Зеламхин лар карийра цунна. Малхбузу ламаз дина, жамӏатан маьждигара арабевллачу нехан тобанна тӏенисвеллачу цо уьш лебира.
– Зеламха кхузахула чекхваьллий? – хаьттира цо нахе.
– Цхьа сахьт хьалха чекхваьлла, вахана!
– Разбойникаш дукха барий цуьнца?
– Бӏе хир вара!
– Хӏан-хӏа, ши бӏе вара лаххара а!
– Муьлхачу агӏор бахана уьш?
– Азамат-Юьртехьа.
– Хӏан-хӏа, шина тобане а бекъабелла, цхьа тоба Азамат-Юьртехьа, важа Акхболат-Юьртехьа бахара!
– Шун пурстоп Абдулкадыров мичахь ву?
– Абдулкадыроввий? Шен стражникашца Зеламхина тӏаьхьавахана!
Оцу нахана шера хаьара Зеламха