1910 шо, 8 июнь
Буру-гӏала
Хӏокху шеран 1-чу январера 15-гӏа май кхаччалц Теркан областехь разбойникийн гӏерано ши тӏелатар дина: 9-чу январехь Соьлжа-Гӏаларчу вокзалана а, 23-чу мартехь – Гӏизларерчу банкана а. Оха гулбинчу хаамашца, гӏеранна коьртехь шоззе а Гушмазукаев Зеламха хилла.
Вокзалана тӏелатар кхиамца чекхдаьлла, аьчганекъан администрацис а, некъ ларбан декхар долчу комитето а шайн декхарш кхочуш цадар бахьана долуш.
Гӏизларера банк талорна а, маситта стаг вийна разбойникийн гӏера, цхьа а тайпа новкъарло йоцуш, кӏелхьарйаларна а бехке ву Гӏизлара отделан начальник, эскаран старшина Вербицкий.