Пенах кхозуш империн, Кавказан, хӏокху областан картанаш. Цхьа пен дӏалаьцна безчу механ книгаш чохь йолуш, хаза йина шкаф. Цӏенкъахь стомма, кӏеда персийн куз. Ткъе итт шо хьалха пенах кхозуш хиллачу Александр ӏӏ суьртан меттана Николай ӏӏ сурт а. Ткъе итт шо хьалха къона хилла кораш хьалхара дитташ а къанделлера.
Михеевс лерина ладоьгӏура Андронниковн къамеле:
– Хьан локхалла, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гӏеранаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа хӏаллакбан регулярни эскарш гӏорасиз хилар хиъна вайна хӏокху масех шарахь царна дуьхьал латточу къийсамехь. Обаргаш регулярни эскарш дац. Цара дуьненайукъахь тӏеэцначу тӏеман тактикица, низамца тӏом ца бо. Обаргаш тахана цхьанхьа, кхана кхечухьа хуьлу. Цхьанхьа кӏело а йой, вайн отрядашна тӏетухий, вайна даккхий зенаш а дой, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайлабовлу. Цхьана дийнахь цхьаьний дуккха а гулло уьш, шолгӏачу дийнахь, дӏасабаьржий, тӏепаза бов. Царна лаьмнашкара массо некъ, чӏаж, хьех, бӏов, тарх йевза. Тӏе, уьш халкъо, йоӏбӏаьрг санна, ларбо. Говрара воьссича, тӏемало вац гӏалагӏазкхи. Ткъа лаьмнийн тархаш тӏехула говраш ца лелало. Вайн салтий а лаьмнашкахь тӏом бан ӏамийна бац. Кхузахь йолахойх вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядо динарг а вайна хууш ду…
Михеевна дика бевзара гуьржий. Уьш хабарна тӏера а, говза а бара. Хӏинцале а сагатделла инарла стоьла тӏера схьаэцна къолам пӏелгаш йуккъехь хьийзо вуьйлира.
– Хьайн ойла йоцца йийцахьа, эла, – элира цо, собар а кхачийна.
Андронников кхийтира инарлин дагахь долчух:
– Суна хетарехь, хьан локхалла, Зеламхина дуьхьал ламанхойх пайда эца беза вай. Вешан эскарийн дакъошна йукъа нохчий, гӏалгӏай, хӏирий, гӏебартой, гӏумкий, суьйлий, къаьсттана Дагестански регулярни полкера суьйлийн дошлойн бӏо йукъаозийча, пайдехь хир дара аьлла, хета суна. Зеламхас царах цхьаъ вийча, бисинчара, цуьнан чӏир йоькхуш, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гӏера а хӏаллакйийр йара.
Михеевн велар иккхира:
– Хьуна дика йевза ламанхойн амалш, хьомсара эла. Амма церан истори хьуна дика ца йевза, моьтту суна. И ахь схьакхийдо тактика керла йац.