Бийсолтин йуьхь-сибат хаза битамаш болуш дара. Шуьйра белшаш, горга йуьхь, боьмаша коьртан месаш, нийса цӏоцкъамаш, сийна бӏаьргаш, лекха хьаж. Хабарна тӏера вацара иза, къамел паргӏат а дара цуьнан.
Бийсолтас дийцира сийсара хилларг. Зеламхас иза забарехьа даьккхира:
– Ас ца бехира хьоьга, обарг лела хьо жима ву? Обарг шина кога тӏехь борз ма йу. Ткъа хьо хӏинца а берзан кӏеза ду, бехирий хьоьга? Ахь соьга ла ца дуьйгӏира. Хӏинца дерриг а лан деза ахь. Чӏирхой а богӏур бу, салтий а богӏур бу. Шайн аьтто нислахь, хьо вуьйр а ву. Амма хьо даим а сема, сакх хила веза. Борз санна. Ларвала а, тӏелата а. Делахь а кхера оьшуш хӏумма а дац. Шу мичахь ду, ца хаьа ӏедална. Вайн чӏирхой а кхуза гӏертар бац. Жимма а шеко йолуш хӏума хилахь, со вогӏур ву шу лардан.
Бийсолте са а доӏуьйтуш, кхаа буса ха дира Зеламхас. Нагахь санна Бийсолтина хезнарг стеган тата хиллехь а, оцу кхаа буса арахьара адам ца деара кхуза.
Доьзалца кхо де-буьйса а даьккхина, шен чухулара бедарш а хийцина, ша кест-кеста схьавогӏур ву аьлла, дӏавахара Зеламха. Бийсолта йуха а ша висира шина зудчуьнца а, йалх бераца а.
Масех де делира, цхьаммо а хӏокхеран са ца гатдеш. Тӏаккха цхьана дийнахь кхуза веара Зеламхин хьаша маьлхи Элбарт. Цунах бӏаьрг ма-кхийтти, хиира хӏокхарна иза хазахетар дохьуш ца веанийла. Элбартан йуьхь кхоьлина йара, бӏаьргаш чохь гӏайгӏа гора. Иза цхьаьннан а йуьхьа дуьхьал ца хьожура. Хьал-де а хаьттина, ша деанарг ала ца хӏуттуш, цхьацца хабарш а дийцина, эххар а элира цо хӏорш кхоьрург.
– Салтий бу кхуза богӏуш. Кхаа агӏорхула. Кхузара дӏадовла деза шу…
– Тхо мича гӏур ду хӏокху шоьлах? – цхьатерра маьхьарий девлира Бецин а, Зезаган а.
Муслиматан а, Энистан а йелхар иккхира. Зеламхас цаьршиннах Меди а, Эни а олура. И цӏерш а йохуш, и шиъ хьаьстира Элбарта:
– Меди, Эни, шуьшиъ хӏунда йоьлху? Со ма ву шуьца! Ма кхера.
Ши йоӏ дӏатийра, бӏаьргех буйнаш а хьоькхуш.
– Кхераме хьал хӏоьттича, шу къайладаха тӏаьхьалонна йитина масех меттиг йу лаьмнашкахь…
– Йалх бераца тхо муха гӏур ду цига, Элбарт?.. Кхузахь ӏа ма доьлла, ло ма диллина… Кхин лакхахь ло алсам хир ма ду… ӏаьнан духар а ма дац берийн…