Йийсархошна хьалха а, тӏаьхьа а дегӏастанхойн дошлой бара. Отряд низамехь новкъа йаьлча, гӏалагӏазкхаша а, салташа а илли долийра. Тохарлерчу хьаьрсачу суьйличо къамел долийра шина зудчуьнца.
– Муха хета шуна церан йир? Самукъадолий шун?
Беци садетта гӏиртира, амма тӏаьххьара а собар кхачийра цуьнан:
– Оцу ницкъ болчу Дала тхан хьоле хӏиттадойла шу! Эхь ца хетий хьуна зударий сийсазбан! Бусалба вац хьо? Ламанхо вац хьо? Хьайн зудчунна а, берашна а тӏе хӏун догӏур, хаьий хьуна? Оццул хьо майра велахь, Зеламхе де и къамел!
– Зеламха а лоцур ву. Цуьнца кхин тайпа къамел хир ду сан!
Шина зудчун дог дорура салтийн а, гӏалагӏазкхийн а иллино. Ткъа оцу хьаьрсачу суьйличо церан дегнийн чевнашна тӏе туьха туьйсура.
Цхьа чаккхарма некъ бича, Мохьмад а, Лом-ӏела а кӏадвелира. И шиъ кӏоргачу лайлахь сих-сиха охьаветталора. Шина зудчо цаьршиннан куьйгаш лецира. Бецис Деле орца доьхура. Далла хезира цуьнан дехар. Уллохула говрахь тӏехволучу полковника Курдиевс, охьа а кхевдина. схьаэцна, Мохьмад шена хьалха говра хаийра…
Паччахьан эскарша массо а агӏор го бина йукъар хьовзийна Зеламха маьлхойн лаьмнашкахь сецира. Кхузахь иза гергахь вара шен доьзална. Накъостий а цхьаццанхьа къайлабевлла, цхьа висинера иза Бийсолтица. Хӏинца цунах схьакхеттера Андронниковн йийсарера ведда виъ гӏалгӏа а, Элбарт а. Жима Бийсолта ца вагарвича, уьш хӏинца йалх вара.
Пхи накъост шех схьакхетталц, цхьана ханна Хевсурете ваха сацам хиллера Зеламхин. Амма накъосташа шаьш цуьнан доьзал болу меттиг Андронниковга дӏайийцина а аьлча, тӏаккха кхуза веанчу Элбарта цуьнан доьзал Андронниковс лаьцна, Буру-гӏала дӏабигна а аьлча, и сацам буьйхира Зеламхин. Вуьшта а Хевсурете боьду некъ дӏакъевлинера цунна. Зингатийн туьйлиг санна, хӏара лаьмнаш сийсош салтий, гӏалагӏазкхий, дегӏастанхой, гуьржий бара. Царал совнаха, Хевсуретин дозанца охьахевшина гуьржийн полици а, салтий а бара. Амма таллархоша хьовзийна, лаьттах ӏуьрга доьлла цхьогал санна, хӏокху лаьмнашкахь лечкъина ӏойла дацара Зеламхин. Буру-гӏала бигна шен доьзал маьршабаккха ницкъ бацара цуьнан.