Некъ хала хиларал совнаха, муьлххачу а минотехь салташна тӏенисбаларна кхерам а бара. Цара геннара схьа тоьпаш тоьхна, къийгаш санна байа а тарлора.
Шолгӏачу дийнахь маьркӏажал тӏаьхьа ӏассан тӏай тӏе кхечира уьш. Генара хьаьжча цӏеран серло а, кӏур а гур боцу меттиг а лехна, цӏе латийна, шайн тӏадийна бедарш йакъийна, бекъа кхача а биъна, охьабийшира уьш. Охьабийшира аьлча а, хьуьнхара хедийна йеана жӏолмаш цӏарна гонаха а йаржийна, голаш мере а оьзна, горгбелла дӏатевжира. Мотт мел бекъа белахь а, бухара хьала шело йагӏахь а, кӏадбеллачу накъосташна набарш кхийтира. Амма Зеламхина наб ца кхетара. Кхана хӏокху тӏай тӏе кхача йеза отряд. Хӏокхаьргахь шиъ пхоьазза йолу топ а, бӏе патарма а, цхьалго цхьа топ а, цуьнца ткъа хӏоъ бен бац. Ткъа цунна кхин а пхиъ пхоьазза йолу топ а, ши эзар патарма а беза…
– Элбарт.
Хӏетта наб озийна Элбарт охьахиира.
– Кхуза хьаладогӏучу эскарца цхьа а гӏалгӏа эпсар вуй?
Элбарта ойла йира.
– Ву. Масех ву.
– Хьан тайпанах вуй цхьа а?
– Шиъ ву. Хамхойн Мохьмад-Гери а, Ирисхан а.
– Муха ши стаг ву и шиъ?
– Тхан тайпано лоруш, оьзда ши стаг ву.
– Къонах вуй и шиъ?
– Цхьаннах жоп далалур ду соьга. Мохьмад-Герих. Иза майра а, тешаме а, доьналле а къонах ву.
– Тховса мичахь хир ву и Мохьмад-Гери?
– Буьйсанна цӏахь хуьлу бохуш, хезира суна. Эшкалахь.
Зеламха, ойлане ваьлла, цхьана ханна дӏатийра.
– Тховса со цунна тӏекхачалур варий хьоьга?
– Нагахь санна иза цӏахь велахь, кхачалур ву.
– Хӏета вайша Эшкала воьду!
Зеламхас ца йийцира цуьнга шен ӏалашо. И шиъ сихха новкъа велира, тапчанаш йоцург, карахь кхин герз а доцуш.
Йуьстах болчу гӏашлойн некъашкахула, кхаш тӏехула некъ беш, цхьана сохьтехь Эшкала чувуьйлира и шиъ. Керташна тӏехула а вуьйлуш, масех бешахула чекхваьлча, Зеламха бешахь а витина, жимачу корехь чиркхан серло къегачу цӏа чу а вахана, масех минот йаьлча йухавеара Элбарт, хӏусамда а валош. Меллаша маршалла а хаьттина, кхин къамелаш ца деш, Зеламха цӏа чу вигира хӏусамдас. Дукхахболчу нехан санна, къен-миска йара хӏара хӏусам. Дерзина пенаш, кӏурз биллина ӏаржйелла шуьйра товха, оцу чохь цӏе ца леташ, гӏийла сийсаш стомма гуьйриг.