– Ма дика ду шу даьхкина! Цӏеранаш муха бу, шу дерриг а могаш дуй, сингаттам боцуш дуй? – хьийзара Хадижат.
Хьеший паргӏатбевлча, царна хьалха хох кхорзуш чам тобина кхехкийна кхоьаш а, чуьйнан экъанна кӏел дика йеттина сискал а хӏоттийра хӏусамнанас. Кхача биъна бевлча, шура а тоьхна, тӏе даьтта а дуьллуш тодина гӏалмакхойн чай а малийра.
Йуьртахь лоруш волу хӏара кхо стаг керта ваьлча, Саламбекана бохам хилла-те, и хаийта баьхкина-те аьлла, дегӏе шело хьаьдира Хадижатана. Иштта хилча, уггар хьалха марваша волчу гӏур бара хӏорш аьлла, цкъа шена маслаӏат дира цо. Тӏаккха вовшашца забарш а йеш, кхача баа боьлча, гуттар а сапаргӏатделира.
– Тӏаккха, Орцха, догӏуш а доцу шу, цхьаьна а кхетта, схьадахкар лаа дуй?
Буру-гӏала дӏа а гулдина, инарлас шайга дина къамел а, селхана йуьртан гуламехь пурстопа йуьртахошка дина къамел а, шаьш хӏун дан деза ца хууш, шайн доьхна хьийзар а дийцира Орцхас.
– И дерриг а суна хезна, – элира Хадижата. – Хӏинца шу хӏун лууш даьхкина? Саламбек ӏедална тӏеваха лаьа шуна? Нагахь санна и лууш шу даьхкинехь, сан марвешех дагадовла деза шу.
– Хӏан-хӏа, Хадижат, Саламбек ӏедале дӏавалар тхуна дага а ца деана, – мохь белира Межедан. – Иза ца дан, йурт йагийта а, дерриг а Сибрех даха а реза ду тхо. И тхан сацам Саламбеке дӏакхето лууш даьхкина.
– Иштта сиха Саламбек карор вац тхуна. Иза цӏа веача, цуьнга дийцахьа вайн хилла къамел, – тӏетуьйхира ӏелахана.
Саламбекан а, йуьртан а кхоллам къастор гӏиллакхе Хадижатана тӏе а диллина, шайн йаьӏни тӏера беза мохь оцу гӏорасизчу зудчун коча а боьллина, паргӏатбевлла, дӏабахара йуьртан тхьамданаш.
Оцу къамелан ойла йеш, и буьйса набарза йаьккхира Хадижата. Цо хӏун ала деза майрачуьнга? Шен берийн дега? Ӏедална тӏе а гӏой, хьо вейтий, йурт бохамах кӏелхьарйаккха, ала деза? Йа йурт йохайайтий, зударий а, бераш а Сибрех бахийтий, хьайн дегӏ, хьайн са кӏелхьардаккха, ала деза? Хьалхарниг дича, цуьнан майра, берийн да хӏаллакьхуьлу, ткъа шолгӏаниг дича, зударийн, берийн, къеначеран къила, неӏалта кӏел вужу, хӏокхеран доьзална а, тӏаьхьенна а тӏехь цкъа а дӏадер доцуш доккха неӏалт дуьсу.