йолуш волу маьждиган имам Овта-Хьаьжа хьалха а ваьлла, ламазаш дира. Овта-Хьаьжа ворхӏазза Макка Хьаьжцӏа вахана, ткъа цуьнан кӏант Шамсуддин-Хьаьжа – уьссазза. Овта-Хьаьжа дукха хенахь дуьйна Шела-йуьртан къеда ву, ткъа Шамсуддин-Хьаьжа – Гермачигахь. Овхьада ойла йо: цкъа а, шозза а Хьаьжцӏа ваха ахча-м дендийр дара, ворхӏазза, уьссазза цига ваха ахча мичара даьлла дена а, кӏантана а?..
Ламазаш чекхдевлча, нехан дехаршца хьехам бан минбар чу хьалавелира Соип-Молла. Берриг а накха дӏалаьцначу шен кӏайчу можах дай куьг хьаькхна, хьехам дӏаболийра цо:
– Къуръан чохь а, ӏалайсалам, Пайхамаран хьадисашкахь а дийцина, дуьне доха гергадахча, адамашна гундолу даккхий ӏаламаташ. Цкъа Маьхьди вуссур ву дуьнен чу, цо адамаш ийманехь нисдийр ду, царна йукъахь барт, машар бина, нийсо йина, беркате, машаре дахар кхуллур ду. Тӏаккха цхьа хан йаьлча, адамаш ийманах доьхча, Дала царна таӏзар дан Даджал воссор ву дуьнен чу, цо боьха мел дерг даржош, адамаш тиларчу дуьгур ду. Тӏаккха, адамех къинхетам бина, йуха дуьнен чу воуьйтур ву, ӏалайсалам, ӏийса-пайхамар. Цо, Даджал а вийна, ийман меттахӏоттор ду. Амма адамаш йуха а ӏесадевр ду. Дала царна таӏзарна малхбалехьара схьа, Йаджуд, Маджуд цӏерш йолуш, цхьа къиза ши стаг воуьйтур ву, цара адамаш кхин тӏе а тиларчу дохур ду. Тӏаккха Дала малхбузехьара схьа малх кхоьтуьйтур бу, дуьненах цӏе латор йу. Оцу цӏергахь цхьа дийнат гучудер ду, адамийн мотт а буьйцуш. Тӏаккха Делан омрица Исрапил-малико, дуьне-ӏалам къардеш, зурманца хаам кхайкхор бу, дуьне духу аьлла. Тӏаккха дуьне духур ду.
Уьш йаккхий билгалонаш йу хӏара дуьне тӏаьххьара а дохаран. Амма дуьне дохар цӏеххьана хир дац, иза адамаша шаьш кӏез-кӏезиг дохош, духур ду. Цуьнан билгалонаш йийцина, ӏалайсалам, вайн пайхамара. Бусалба динан ӏилма хууш, кхетаме нах, хенан йохалла кӏезиг хуьлуш, дӏабевр бу. Вахош долу маларш даьржар ду, уьш молурш алсамбевр бу. Церан доьзалш эс доцуш, догӏмаш сакхт хир бу. Бусалба дин хьехар, бусалба дино бохург кхочушдар цунна хьакъдоцчу, ийман доцчу нахехь хир ду. Цара бусалба динах севдагалла лелор йу, хьарам некъашца хьал-бахам гулбийр бу. Хьекъалечу,