цӏерпоштех Зеламхе нийса хаамаш бан, цо кӏело йинчу меттигехь Востингаузан тормозашца цӏерпошт сацо а.
Цул совнаха, Гуьмсе станцин начальникан барт хилла, стачкийн комитетан куьйгалхошца дуккха а ахча дӏасахьош йолу цӏерпошт маца новкъа йолу цаьргахула Зеламхе хаийта. Почташ а, банкаш а талор йу ша, амма цхьа а стаг йийсаре вуьгур вац ша, аьлла Зеламхас.
Оцу бартахойн план Теркан областан жандармийн урхалле а, полицига а, тӏеман отрядашка а йовзийтина ас, церан декхарш а гайтина.