Казаналипов Асельдербек гӏумки вара, Темирхан-Шурара. Дегӏастанахь гӏараваьлла хьолахо а, помещик а вара иза. Цхьана хенахь паччахьан гонехь штальмейстер хиллера, хӏинца Кавказан наместникан шатайпа жоьпаллин гӏуллакхаш тӏедохкуш чиновник а вара. Хӏокху тӏаьххьарчу хенахь наместнико хӏинца кхозлагӏа ваийтинера иза кхуза, областехь хӏоьттина чолхе хьал талла а, довза а, иза цхьана агӏор листа Михеевна гӏо дан а.
Казаналиповн йаккхий уьйраш йара Къилбседа Кавказерчу къаьмнашна йукъахь, йа нийсса аьлча, церан хьолахошца. Цкъа наместнике къайлах мотт беанера, Казаналипов паччахьна а, правительствона а тешаме вац, цо ши политика лелайо аьлла. Даррехь – ӏедалца, къайллах – туркошца. Вуьшта аьлча, цхьана агӏор, ша оьрсийн ӏедалан лакхара чиновник хиларе терра, Кавказехь российски политика дӏахьо цо, вукху агӏор – Дегӏаста Россих дӏа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла, иза ца нислахь, Дегӏаста Хонкаран протектората кӏел йаккха ӏалашо йу цуьнан бохуш. Уьш цхьадерш бух болуш хилар гучудаьллачу наместника, цуьнца шеца къамел а дина, «бурч йоьхкинера» цунна. Цул тӏаьхьа ца хезара Казаналиповс и тайпа крамольни къамел дина бохуш. Йа кхеравелла сецнера иза, йа чӏогӏа ларлуш вара.
Стомма, лохачу дегӏара, горга йуьхь, цӏен бос бетталуш, кхалкъе беснеш, шуьйра мара, йоцца лергина сирйала йоьлла ӏаьржа маж, хаза тодина дуткъа мекхаш долуш, шовзткъе итт шо хенара стаг вара иза.
Кавказхойн гӏиллакхехь вовшийн а, доьзалийн а хьал-де а хаьттина, официале къамелана тӏевелира и шиъ.
– Тифлисехь керла хӏун ду, Асельдербек Казаналипович?
– Хӏара ду ала, керла хӏумма а дац, Николай Андреич. Демократин шовкъ хилла, хьерадевлла адамаш. Большевикийн ун даьржина массанхьа а. Къаьмнашка, цхьа вежарий хилий, бертахь ӏедална дуьхьал гӏовтта, боху. Хьуна дика ма йевза церан лозунгаш. Утописташ! Къаьмнийн барт хир ма бац цкъа а. Масала, азербайджанаш а, эрмалой а. Царна йуккъехь бӏешерийн кӏоргера схьадогӏуш мостагӏалла ду. Петарбухехь а, Тифлисехь а цхьа нах бу и мостагӏалла марсадохуш. Хетарехь, оцу шина халкъо кестта вовшийн цӏий ӏано герга ду.