– Цхьаццанхьа гӏалаташ дийлийтина хир ду аш. Йа цхьацца мехала гӏуллакхаш тидамза дитина хир ду. Дика ойла а йина, уьш тидаме а эцна, болх йухаболийча, бакъахьа хета тхуна. Вербицкийн долор а эхье чекхдаьлла. Андронников вийна. Донагулов, ша вийна велара аьлла хетачу хьолехь заьӏап вина, дийна витина. Ӏассан тӏай тӏехь Зеламхас байъинчу суьйлийн гергарчара чӏир кхайкхийна цуьнга. Уьш баккхийбеш богӏур бу Зеламха вен йа лаца. Донагуловн вашас дуйнаца чӏагӏо йина Зеламхех бекхам эца. Суьйлий иракарахӏиттош, царна йуккъехь мекара болх бан беза. И болх дика бийр бу Ведана- округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу поручика Кибировс. Амма тхан коьрта дегайовхо Дагестански полкан начальникна полковникна Морганияна а, оцу полкерчу ротмистрана Долидзена а тӏехь йу. Кибиров хӏири ву, Моргания – абхаз, Долидзе – гуьржи. Цул совнаха, Зеламхица дерг тӏаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха лерина дегӏастанхойх отряд кхуллур йу. Хӏара ас дийцинарг дерриг а наместникера ду. Моргания а, Долидзе а хьан куьйга кӏел луш омра а ду. Ткъа Кибиров хьан карахь волуш ву.
– Баркалла, Асельдербек Казаналипович. Моргания, Долидзе маца вогӏу схьа?
– Полк шен гӏоьнче дӏалуш ву иза. Кхана-лама схьавогӏур ву.
Казаналипов дӏавахча, букъа тӏера беза мохь дӏабаьлча санна, маслаӏат хилла, сапаргӏатвелира Михеев.
Абхазийн уггар хьолечу элех цхьаъ вара Моргания. Масех бӏе десятина латта, шайн махкахь уггар тоьлла цӏенош, дуккха а даьхни, жа, говраш йара цуьнан. Бакъду, крепостни ахархой бацара цуьнан долахь. Дӏадаханчу бӏешеран кхузткъалгӏачу шерашкахь Россин имперехь крепостни ахархой маршабохуш, Абхазехь а йира и реформа. Амма и реформа, имперехь массанхьа санна, моттаргӏина кхочушйира Абхазехь а. Крепостни ӏазапах маршабаьхначу ахархошна латта ца делира, иза помещикийн а, пачхьалкхан а долахь дисира. Хьалхалерчу шайн долахошна йолах болх бан дийзира ахархойн. Морганиягӏарна маьхза бохург санна, Бецира абхазойн къехой.
1905-чу шарахь буржуазни революци хилале хьалха поручик вара Моргания. Кавказехь революци хьошуш, гоьваьлла иза хӏокху масех шарахь полковникан чине лакхаваьккхира.