дӏахьаьвзича, некъа йуккъехь кхо стаг лаьттара, тоьпаш хьалха а лаьцна. Бӏаьргех доьхкина ӏаьржа куьзганаш долуш, цӏен маж йерг – цхьа-ши гӏулч хьалха, важа шиъ цунна тӏехьа. Оцу шиннах цхьаъ вевзира ротмистрана. Полковника Морганиян кабинетехь гинера цунна и стаг. Вуьшта аьлча, полковникан къайлах йолахо. Кхоалгӏаниг – лекхачу дегӏара, векъана, боккха, беха мара а, даккхий мекхаш а долуш.
– Герз ма хьаде! Герз хьадахь, тӏетухур йу шуна! Цхьацца чу а вуссуш, лаьтта бертал охьадийша! – омра дира Бетарсолтас.
Бетарсолта оьрсашца дукхазза а набахтехь ӏийнера. Цунна гӏеххьачул шера оьрсийн мотт хаьара. Йоза-дешар а ӏеминера. Аюбал тӏаьхьа Зеламхин талмаж а, йозанча а вара иза. Шатайпа писар.
Топ карахь пайтон чуьра чуиккхира Долидзе.
– Шуна моьтту кӏилло зударий дац тхо! – мохь тухуш, тоьпан лаг уьйзира цо.
Зеламхина тӏе дуьххьара хӏоьттинера иштта киртиг. Долидзен топ йолуш цӏеххьана, каде аьтту агӏор дӏатаьӏира иза. Тӏехьа лаьттачу Пешхос, шен ондачу пхьаьрсашца цуьнан пхьаьрсаш йукъа а къовлуш, маравоьллира Зеламха.
– Тахана тӏаьххьара де ду хьан, хорачойн Зеламха! Деле хьайна къинхетам…
Пешхо кхидӏа вистхила ца кхиира. Лакха тӏера схьатоьхначу тоьпаша цхьатерра вожийра Долидзе а, Пешхо а. Накъостех цхьаммо, нийса ниша а лаьцна, Пешхон аьтту лерга чу тоьхна дӏаьндарг, коьртах потт а тосуьйтуш, аьрру лергахула арайаьллера. Некъана шинне агӏор тархашна тӏехьара схьайеттачу тоьпаша бохийна хьовзийра дошлой. Оцу йоццачу йукъах пайда а эцна, накъосташна тӏе лома хьалавелира Зеламха а, Бетарсолта а. Сихха меттабаьхкинчу суьйлаша, пайтонашна, говрашна тӏехьа а лечкъаш, обаргаш болчу агӏор низам доцуш, эрна тоьпаш йеттара.
Шина сохьтехь бахбелира и тӏом. Дегӏастанхойн дошлойн йуьхьанца аьтто бара, шайн командир вийча, йуха а бевлла, бевдда, кӏелхьарбовла. Амма цара иза ца дира. Уьш ламанхой ма бара. Хӏумма а кӏилло а боцуш. Майра, доьналле, йахь йолуш. Царна ца лаьара, инженерийн комисси ларйан декхар тӏедиллина Дагестански полкера къастийна шаьш, шайн декхар а, шайна белла тешам а бицбина, кӏиллой бевддера аьлла, лаьмнашкахь эхье цӏе йаккхийта. Ткъа тӏом генабаьлча тӏаьхьа