Овхьадана цкъа а дагара ца долура, ша ӏаьлбаг-Хьаьжех дӏакхетча, дас Хортӏас а, воккхахчу вашас Асхьада а хьийзавар, Асхьада шена неӏарна буллу гӏуй тохар. Оьрсийн эскарша Гати-Юрт талош а, йагош а, салташна хьалхаваьлла лелаш, Мӏаьчига а, Васала а вийнера Асхьад. Хӏетахь пхи бутт баьллера, Овхьад цӏера ваьлла лелаш. Ваша вийна аьлла хабар деача, тӏамера цӏа веана иза, тезетара а, кертара а араваьккхира дас. Хьайн мезех буьзна вежарий болчу, ӏаьлбаг а, Васалан Юсуп а, Мӏаьчиган Коьра а волчу дӏагӏо аьлла.
Хӏетахь къена дара Овхьадан да-нана. Вежарий Асхьаб а, ӏабди а, йиша Ровзан а йара. Да-нана дийна хир доцийла хаьара цунна. Оьрсийн-туркойн тӏаме вахана Асхьаб дийна цӏа вирзиний а, ца хаьа. Хӏетахь Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара оцу тӏаме. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин Саьӏад а, Сатун Солтха а, Асхьаб а. Ровзан а, ӏабди а жима дара Овхьадал. Оцу шиннан доьзалш а хир бу. Ткъа Овхьадан зуда а ца хилла. Хир йу ала а, ца хаьа. Иштта цхьалха къанлур ву, лийр ву иза. Тӏаьхье а ца йуьтуш.
Овхьадана дагаеара шена дуьххьара йезаелла йоӏ Деши. Овхьадан дуьххьарлера а, тӏаьххьара а безам. Гати-Юьртахь-м хьовха, цунна гондӏарчу йарташкахь а цӏейаххана хаза йоӏ йара иза. Дуткъачу, лекхочу, куьцечу дегӏахь. Когийн хьорканаш тӏехӏуьттуш йеха, йуькъа, ӏаьржа месаш. Ӏаьржа бӏаьргаш, царна тӏехула, цхьана говзачу куьйго лерина дехкича санна, хаза цӏоцкъамаш. Аз дара цуьнан цхьа тамашийна кӏеда, эсала, хьастаме, ца кӏордош, даим дӏа ладегӏа дог доуьйтуш. Хӏокху тӏаьхьарчу ткъе ворхӏ шарахь даим Овхьадан бӏаьргаш хьалха лаьттара оцу йоьӏан сибаташ, васташ, лерехь декара цуьнан аз.
Хӏетахь Буритӏахь доьшуш вара Овхьад. Цкъа хьажахӏотта цӏа веача, хин коьрте а вахана, йоӏе шен дагара дийцира цо. Амма Дешис тӏе ца лецира цуьнан безам. Хьо хьал долчу нехан кӏант ву, ткъа ша къечу, мискачу нехан йоӏ йу. Цкъа-делахь, хьан да-нана, нах реза хир бац къечу доьзалера йоӏ шайн кӏантана йига. Шолгӏа-делахь, шун хьал а, шайн къелла а цхьаьна йогӏур йац, шун кертахь гӏарбашан хьолехь йаха шена а луур дац. Кхозлагӏа-делахь, ша а йезаш, шена а везаш, ша санна къен-миска Болат ву, элира.
Цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шен