хилча, хӏун дан воллура иза? Шайн ницкъ кхочург деш ма бу уьш. Йарташкара гӏуданаш а доху, йарташ йоха а йо, лоьцуш, нах Сибрех а хьийсабо доьзалшца цхьаьна. Хӏара сонта, къармазе халкъ ца къарло-кх…
Дешина ша ирсе хетара.
Шен дахаран ткъе итт шарахь къаьхьачун чам хиънера цунна. Муха ца хаьа, Болатах къаьстичхьана хӏора дийнахь цо къаьхьа баланаш ӏийшича.
Цо дагалоьцура Болат тӏамехь хилла бархӏ бутт. Хӏора минотехь иза вийна цӏавалорна кхоьруш, шен деттаделла дог. Кхана иза лаьцна вуьгучу хьалхарчу буса Болата шега дина къамел. Иза салташа лаьцна вигна де. Дешис дош деллера Болатана, иза лаьцна вуьгуш, цунна тӏаьхьа ца йелха. Цундела иза гучура валлалц дог эккха доллуш, хала садиттира Дешис. Тӏаккха шен дагна маршо йелира цо.
Хӏетахь Дешин дегӏаца вара Соип. Болатах къаьстинчу хьалхарчу масех дийнахь йа шен дог эккхарна, йа ша эсах йаларна кхерайеллера иза. Тӏаккха ӏелин воккхахчу кӏанте ӏумаре дехарш дира цо, шеца Буритӏа, Болат волчу, вагӏахьара бохуш. Дешис чӏагӏо йинера, хьаькамаша бакъо лахь, Болатца набахтехь саца а, иза Сибрех вохуьйтуш, цуьнца цига дӏайаха а. Цуьнца цхьаьна халонаш лан а, иза леччохь йала а. Болатах а къаьстина, дуьне, дахар ца оьшура цунна. Амма лакхарчу хьаькамо цунна бакъо ца йелира Болатца набахтехь ӏен а, цуьнца Сибрех дӏайаха а. Хьайна лаахь, тӏаьхьа гӏор хьо, аьллера.
Болат лаьцначул тӏаьхьа ши бутт баьлча, Соип дуьнен чу велира. Цхьаьнггара а гӏо доцуш, шен къинхьегамца ша кхиийра цо иза. Болатан куьйгех хаьдча, тишйелира церан хӏусамаш. Лело боьрша стаг цахиларна, шайн лаьттан урд а, ши сту а боьхкира. Кӏантаца цхьаьна мацалла ца дала. Нахе сагӏа ца деха.
Тӏаккха Соип воккха хилира. Кертахь гӏуллакх дора. Ахьмада а, ӏусмана а гӏо деш, газа-уьстагӏ а, ши старгӏа а дендира. Ахьмада шен цхьа ирзо а делира хӏокхарна. Ша долара а ваьлла, гуттаренна а. Соип зуда йалориг хилча, мотт-гӏайба, пхьегӏаш, кхиерг а йийзира. Ахча а дийзира. Церан доцург. Хила меттиг а боцург. Хӏора шарахь йуьртара цхьаболу нах бӏаьстенан йуьххьехь Теркйисте йолах балха боьлхура. Цхьацца таро хуьлий, гурахь цӏа богӏура. Соипана а лиира цаьрца ваха. Дуьненан дерриг самукъа а, сатийсамаш