Оцу кехатах цецвелира Зеламха. Бецис а, Зезага а муха йаздойтур ду и тайпа кехаташ? Цул йаккхий халонаш, баланаш собаре ма лайна цара. Цкъа а шайн дагара ца хоуьйтуш. Зеламхин дог иракарахӏиттош. Йа пана Сибрехь кегийчу берашца цхьалха йисча, собар кхачийна-те цаьршиннан? Иштта масех кехат шега кхаьчча, шеквелира иза. Баккъал а, меттигерчу жандармерис доьшура Бецигӏеран кехаташ. Уьш дӏа а дохий, шайгара кхин йаздора. Уьш дара Зеламхе кхочурш.
Соьлжехь эшам хиллачул тӏаьхьа дуьненах дог даьллера цуьнан. Цхьа а ваша а вац. Хьалхалера тешаме, майра, доьналле накъостий а, берриг бохург санна, дӏабевлла. Ӏедало байъина а, чӏирхоша байъина а. Дегӏо сиркхонаш лехьайо. Даге лазарш детта. Доӏаха а, хьер а лозу. Шен дегӏе садаӏийта лаьара цунна. Йарташкахь а, кӏотаршкахь а саца кхераме дара. Массанхьа салтий лаьттара. Тӏе, Зеламхина хаьара къайлах шена дуьхьал нохчий вовшахтухуш хилар. Шен чӏирхой а, ахчанах да-нана духкур долу йовсарш а. Цхьаберш бевзара цунна. Амма цунна цабевзарш а бара дуккха а.
Бутт сов хан йара иза хӏокху хьехахь къайлаваьлла. Хорачана кхо чаккхарма генахь. Хулхулон лакхенца. Тӏулган лекхачу, легӏанчу бердана йуккъехь. Кхуза халла хьалавалало. Хьехан бертиг готта йу, чоь – шуьйра, йеха. Кхузахь мотт-гӏайба, йай, кад-ӏайг, самовар, ахьар, дакъийна жижиг, дума, туьха, кхидолу кхачанан сурсаташ а ду. Цхьана сонехь аннех бина готта маьнга а бу. Экха-м кхачалур дацара кхуза. Лахара хьала а, лакхара охьа а. Хӏетте а хьехан бертиг серагех дуьйцинчу жимачу зӏараца дӏакъовлу цо. Цунна шина а агӏор тӏулгаш схьа а дохуш, ши ӏуьрг даьккхина. Хьанна хаьа, хӏара хӏусам салташна карайахь, тӏом бан а ма беза цо.
Зеламха кхузахь вуйла Бетарсолтина, Жамаьлдана, Соипана хаьа. Хӏора кхоалгӏачу буса Соип вогӏу кхуза, цунна оьшург дохьуш. Цаьршиммо барт бинчу ишарца, лаха Хулхуло чохь а соций, хаам бо цо. Тӏаккха хьеха хьалаволу. Цкъацкъа буса хи эца Хулхуло чу вуссу Зеламха. Наггахь хьехан берте охьа а хуий, Хулхуло чу а, дуьхьал болчу лекхачу лома а бӏаьрг бетташ, шен дахаран ойла йо цо. И маьрша лекха лаьмнаш, къена хьаннаш, шера аренаш. Доккха ду хӏара дуьне. Амма цунна гатделла. Гатдина…