– Йуьртдена хаьа, иза мичахь йу. Массарна а хаьа. Амма цхьаьнгга а со цавийцар доьху ас…
Подполковникна хӏинцале а вицвелира Асхьаб. Цунна Асхьабан цӏе а ца хаьара. Кхидӏа цунна оьшуш а бацара и мукадахка.
Сатоссуш, округан начальник подполковник Каралов коьртехь а волуш, пластунаш, ши рота салтий, гӏалагӏазкхийн сотня кхечира Хорача. Мокрицкий волчохь, ша стенна кхайкхина а ца хууш, хорачойн йуьртда вара. Караловс подполковникашца Мокрицкийца, Масленниковца, кхин масех эпсарца а йоцца кхеташо йира. Хьех йолчу меттиган карта а хӏоттийра.
– Кхузахь дуьхьал тӏелатар эрна хир ду. Лахара хьала а, лакхара охьа а хьеха тӏе лекха берд бу. Легӏана-м бу иза, делахь а волавелла хьеха тӏе хьала а, охьа а валалур вац. Хьеха тӏе хьалавалалуш цхьа некъ бу. Некъ аьлча а, тӏулган бердах киртигаш а йохуш бина шатайпа лами. Зеламха цигахь ша цхьаъ бен вац. Амма цуьнгахь алссам герз хир ду. Хьалха тӏе мел гӏоьртинарг вуьйр ву цо. Суна хетарехь, го бина, дийна кӏелхьарваларх цуьнга дог диллийтина, ша тӏевогӏучу хьоле хӏотто веза иза. Отряд кхаа декъе йоькъур йу вай. Цхьана отрядаца хьеха кӏел, Хулхулон тогӏи чу, хӏуттур ву со. Мокрицкийс хьехана тӏехулара, Масленниковс – хьехана дуьхьалара лам дӏалоцур бу. Цкъа хьалха Зеламхица машаре дийцарш дийр ду вай. Оцу ӏалашонца Зеламхин гергара стаг вахийта веза цунна тӏе. Зеламхина а, вайна а тешаме стаг. Иштта стаг кхузарчу йуьртдена карор ву. Хӏинца шайна хетарг ала пурба ду шуна.
Ши полковник резахилира оцу планна.
– Дегӏастанца дозанаш дӏакъовлар доьхуш, ӏаьндан округан начальнике телеграмма йелча, бакъахьа хетара суна-м, – элира поручика Кибировс. – Хьанна хаьа, гонна йукъара а ваьлла, Зеламха цига дӏагӏортахь а.
– Иза а совнаха хир дац, – тӏетайра Каралов.
1911-чу шеран 9-чу декабрехь, ӏуьйранна 8 сахьт долуш, шаьш хӏоттийнчу планаца операци йолийра Караловс. Хьехана дуьхьал ломахь чӏагӏвеллачу подполковника Масленниковс хаам бира, хьехан бертиг серагех дуьйцинчу зӏараца къевлина го, кхин гуш хӏумма а дац аьлла. Цигара дӏа хьеха тӏе тоьпаш тоьхча а, чуьра схьа ӏап-сап а ца хезара.