Зеламхас наггахь топ тухура. Дуьхьал ломахь а, тогӏи чохь а лаьттачу салташна а, гӏалагӏазкхашна а. Дӏа мел тоьхначо цхьацца воьра йа, лен чов йой, вожавора. Каралов а, Моргания а вуьйр вара цо аьтто нислахьара. Амма и шиъ а, важа ши полковник а хьехана нийсса кӏел цхьанхьа туп тоьхна сецнера.
Тахана бовха кхача ца хилла Зеламхина. Ша арахьа тергам бечу меттигехь ирахь а лаьтташ, сискал а, нехча а диира цо делкъехь. Тӏаккха, хьехан бертиг дӏа а къевлина, ламаз дира. Цхьадика, ӏуьйранна эцна ламаз карахь лаьттара цуьнан маьрккӏажалц. Тӏеетта йоккха топ сецча, оцу баттахь сов хенахь дуьххьара хьеха чохь ламазана цӏано а йина, маьркӏажан ламаз дира цо. Тӏаккха цӏе а латийна, кӏегий даьхна, самовара чохь хи а кхехкийна, чай даьккхира. Пхьуьйра ламаз а дина, вирд даьккхина, жимма садаӏа маьнги тӏе дӏатевжира. Цунна хаьара буса хьеха чугӏерта салтий баьхьар боцийла.
Зеламхас ойла йора шега хӏоьттинчу хьолан. Цуьнгахь бӏе сов патарма бу. Шиъ бомба а. Маузер а, цуьнан ткъа патарма а. Дӏа мел тоьхначу патармо цхьацца салти вийча а, бӏе сов салти вуьйр ву цо. Ткъа лаха тогӏи чохь а, гонаха лаьмнашкахь а уьш масех бӏе ву. Кхин тӏебало а бу шортта. Гӏалахь а, Чахкарахь а, Ботлихехь а, кхидӏа – Буритӏахь а. Гӏалагӏазкхий а бу маситта эзар. Патармаш кхачийча, хӏун дан деза цо? Кхача чекхбаьлча, хӏун дан деза?
Хӏинца хӏокху хьехара дӏаваха некъ лоьхура Зеламхас. Массанхьа а хӏоттийна ха ду. Царна ца гуш, дӏагӏойла дац. Кхузахь майралла а, мекарло а оьшу. Амма сатасале кхузара дӏаваха веза, мухха вахана а. Дӏаваха веза. Вала ца веза. Мостагӏийн луур ца даккха. Царна хӏуьттаренна. Делан ӏожалла тӏекхаччалц мостагӏех бекхам эца.
Хьехан бертера тӏулгаш дӏа а даьхна, ара бӏаьрг бетташ, сема ладуьйгӏира Зеламхас. Гобаьккхина тийналла, дуькъа дохк. И дохк Дала шена гӏоьнна даийтина аьлла, дагадеара цунна. Хехь лаьттачу салташа вовшашка туху маьхьарий хезара йукъ-кара. Дикка ойла йинчул тӏаьхьа, самовара чохь дисина довха хи дӏа а ӏанийна, цунна чу дассаделла патармаш а, масех жима тӏулг а тесира Зеламхас.