ду иза Сибрех вахийтина. Дийна ву а, ца хаьа, велла а, ца хаьа. Ткъе ворхӏ шо ду кертахь, урамехь адамийн, говрийн когийн тата хезча, хӏинца цӏа вогӏуш вац-те иза, йа цунах хилларг дуьйцуш, хабар дохьуш вогӏуш стаг вац-те бохуш, аралелхаш, ладоьгӏуш со ӏаш йолу…
– Дала мукъалахь, Болат цӏа вогӏур ву, Деши. Делан диканах, Делан къинхетамах дог дилла мегар дац. Со ца го хьуна? Сайнаш а ӏаш хир бу, со велла йа дийна ву, ца хууш. Суна сайна а ца моьттура, со дийна цӏа вогӏур ву. Дийна а ву, цӏа вогӏуш а ву. Дела дика ву, ницкъ болуш ву, къинхетаме ву. Хьан дуьхьа, кӏентан дуьхьа Дала цӏа верзор ву. Сан дуьхьа а. Дела сан дог хууш а, гуш а ву, Деши, сайн вежарел дукхавезара суна Болат. Сан дика доттагӏ а, дика ваша а вара иза. Болат санна кӏентий кӏезиг хуьлу дуьненахь. Дала ларбо иштта кӏентий. Ткъа тахана дуьйна дӏа хьайн дола дан ваша вац алий, дага ма даийталахь ахь а. Вай вовшех къастталц, ас хьайх йиша алар дицделлий хьуна?
– Ца дицделла, Овхьад. Хьо волуш, цкъа а сайн ваша вац аьлла, дага а ца догӏура суна. Болатана санна, оцу ткъе ворхӏ шарахь хьуна са а гатлора. Далла бу хастам, хьо мукъана а дийна цӏа вогӏу. Хӏинца даг тӏера ах бала дӏабели суна.
Наггахь цаьршиннан некъ хадош, хьалхахула чекхлелхара цхьогалш. Йукъа-кара хьуьн чохь бухӏа йека а хезара. Кӏадйелла Деши, шен дагара ца хоуьйтуш, гӏаж гӏертош, хьалхахьа дӏагӏертара. Ӏаьлара дӏакхача масех чаккхарма некъ бисча, некъа йистерчу шовданна тӏекхечира и шиъ. Шовданна гонаха йуьйцина йина лохха керт а, арахьа охьайиллина кхо-диъ дол попан гуьйриг а йара. Дешига жимма садаӏийта, цигахь сецира Овхьад. Шен чамди чуьра схьаэцна баьпкан йуьхк а, нехча а гуьйриг тӏе охьа а йехкина, кертах кхозучу кхийран зоки чохь хи деара цо.
– Охьахаал, Деши. Хьо мацйелла хир йу. Вайша ӏаьлара дӏакхаьчча, сихха хьалха билла кхача кечбина ӏаш хир бац вайшиннан гергара нах. Хӏара кхача бекъа белахь а, кхалла хьажахьа.
Дешис шега шозлагӏа ца алийтира. Баьпкан йуьхках а, нехчех а пӏелгашца кӏез-кӏезиг йоккхуш, меллаша ӏийша йуьйлира иза.
– Ша лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш, Шелахь, Соип