Хӏорш вовшашка хьал-де хаьттина, дара-дацара аьлла, бовлучу йукъана араиккхинчу ӏусмана шен кхоъ бен боцчу уьстагӏех цхьаъ бийна, тилийна чубеана, дукъох боллучу мӏерах васхал хьалаоьллира. Шаьш кхоъ вовшашка цхьацца хеттарш деш, къамеле ваьлча, ӏелас даим шена дагахь лаьттачун ойла йора. Зеламха вуьйцу хезнера ӏелина. Делахь а шен ойланашца иза мила ву, ца хаьара. Иза ша волчу хӏунда веана хаа а сагатделлера цуьнан. Наха дийцарехь, Зеламха обарг ваьллера зударшна тӏехула даьлла дов бахьанехь. Амма луралла хьаьрчина стаг лечкъаш лела, чӏирхоша ша витталц, йа валлалц. Доьзалца йуьртах а волий, генна кхелхий а воьдий. Лурбоьллачу нахах наггахь бен ца волу талораш дийриг, ца ваьллачу денна, тӏетовжа кхин меттиг ца хилча, дуучу рицкъана, тӏедухучу барзакъна, герзана лорий. Иза къехка шена тӏе кхин керла цӏий дожарх. Цунна ца лаьа ӏедал шена дуьхьалдаккха. Шера хаьа шина мостагӏчух – чӏирхойх а, ӏедалх а – ларвала шен ницкъ кхочур боцийла. Лурвоьлла стаг деккъа шен цхьа са дадийна лела. Ткъа Зеламха? Обарг ваьллачул тӏаьхьа керла масех цӏий хьарчийна цо шех. Ӏедална зулам дарх-м муххале а ца ларлора иза, мелхо а, цунна дуьхьалваьлла. Хӏан-хӏа, луралла дац Зеламха ӏедална дуьхьалваьккхинарг, къизачу хьаькамех а, цӏубдарш санна, халкъах бекхачу хьоладайх а цуьнга бекхам оьцуьйтург. Кхин ду бахьанаш. Ткъа мила ву Зеламха? Нохчийн халкъ шен маршонехьа гӏеттича, цуьнан коьрте хӏотта а, и санна шайн маршонехьа гӏевттинчу кхечу бусалба а, керста а халкъашца цуьнан барт кхолла а, иза паччахьан ӏедална дуьхьал дига а ницкъ кхочур барий-те цуьнан? Дийцарехь, хӏара хьекъале велахь а, ӏилманан охӏла вац. Майра, хьуьнаре, оьзда, хьекъале, амма бодане нохчо. Хьекъалан пайда ма бац, цунна уллохь ӏилма ца хилча. Ӏилма а эрна ду, цунах пайда эца хьекъал дацахь. И ший а эрна хуьлу, оцу стагехь доьналла дацахь.
Оцу цӏарна а цӏейаханчу обарган даг чу, хьекъалан кӏорге хьажа лаар дара ӏелига иза ган сатийсийтинарг. Ӏела, ларлуш, хеттарш дан вуьйлира хьеше. Ткъа хабаре воцчу Зеламхас йуьхьанца халла бен жоп ца лора хеттаршна. Амма хеттарш тӏаьхьо шен деган чевнех хьекхадала доьлча, хецавелира иза.