– Оьрсий цхьатера ма бац, Беци. Нохчий а бац цхьатера. Вайна йукъахь а, оьрсашна йукъахь а бу къинхетаменаш, къизанаш. Комаьршанаш, сутарнаш. Оьзданаш, боьханаш. Дала иштта кхоьллина-кх адамаш. Ӏедал ду къизаниг, адамийн барт хила цабуьтург. Цхьа а халкъ дац вон. Хӏора халкъана йукъахь вон адамаш ду…
Нохчаша шайн гӏайгӏанечу иллешкахь йийцина «Сийна Сибре» шен йерриг а халонашца, баланашца ловра Бецис а, Зезага а, йалх беро а. Мацалла ца хӏуттура цаьрга. Ӏедало лучу рицкъанах тешна хилча-м, мацалла белла хир бара уьш. Йуьртарчу бахархоша кхачанан сурсаташ латтадора царна оьшучул а тӏех. Дама, картолаш, копасташ, шура, даьтта, нехча, кхиерш а. Бахархоша шайна дохьу жижиг йуьхьанца ца дуура цара. Керстанаша дийначу бежанан жижиг жерга хетара. Амма хенан йохалла иза даа а дийзира. Шело а ловра цара. Цунах боьллера уьш. Тӏе, Аркадий Петровича дечиг латтадора царна. Херхаца доцца хедадой, этӏадой, тӏекӏел дуьллура. Бахархоша, къаьсттана Валентина Михайловнас, царна массарна а ӏаьнан духар а латтадора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хӏокхеран дог эца, садекъа, самукъадаккха гӏертара кхузара адамаш.
Даа мерзаниг, тӏедуха-когадуха диканиг, йовха хӏусам хиларх тоам ца хуьлу стагана, нагахь санна цуьнан кийрахь цхьа бала, сингаттам хилча. Иза дӏа ца баккхало дуьненан хьоле. Ткъа оцу бархӏ адаман кийрахь сингаттам бара, кӏуркӏамане санна, даим дӏа хьийзаш, и кийра чахчош, боттуш. Кхузара адамаш, церан мотт, амалш, гӏиллакхаш, ӏалам хийра дара церан дегнашна. Шолгӏа шо дара царна нохчо ганза, даймахкара хабар хазаза. Ца хаьара, Зеламхех а, Бийсолтех а, шайн йиша-вешех а хӏун хилла. Ойланаш йора, уьш байъина-те, лецна набахтехь бу-те, хӏокху пана Сибрехь, хӏорш санна, халонаш, баланаш ловш, даймахке сатуьйсуш, бӏарзбелла лелаш бу-те, бохуш. Йа хӏокхеран йарташ йагийна, гергарнаш а, йуьртахой а доьзалшца цхьаьна махкахбаьхна, цхьана пана махкахь вовшех а къастийна, баржийна-те, бохуш. Ткъа буьйсанна набарш кхетча, тайп-тайпана гӏенаш гора царна. Цхьа наггахь – хаза гӏенаш. Даймохк, дагна гергарнаш. Иштта хаза гӏан гуш, шаьш самадевлча, вас хуьлура царна.